Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Хьекъалан т1ай

Цхьана жимачу мехкан паччахье кехат даийтина хилла кхечу ницкъ болчу паччахьо. Цу кехат т1ехь цо яздеш хилла, хьан х1орда бухара айг1ар терсича, ворх1 лам битина, барх1алг1ачу лам т1ехьара сан кхелаш остйоьвлла. Нагахь т1ом бан ца лаахь, суна т1е масла1атна ехха маж йолуш воккха стаг ваийта, остъяьллачу кхузткъе кхаа кхелан хилла бекъанаш а яхьаш, г1аш а воцуш, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а, чохь а, арахь а воцуш.
И кехат кхаьччахьана, дог доьхна, ойланашка воьжна паччахь. Мел ойланаш ярх а, карош ца хилла паччахьана дуьхьал вахийта хьекъале, бег1ийла стаг. Т1аккха цо ч1аг1о йина, дуьххьара т1екхаьчначу стагах дагавала. Caг1a доьхучуьнан бедарш а юьйхина, араваьлла паччахь. Лелаш, г1улгех ловзуш дохкучу берашна т1е кхаьчна xlapa. Кхунах б1аьрг кхеттачу бераша вовшашка аьлла:
— Carla доьхучунна т1улгаш тохий вай? Бераш совцийна цхьана эг1азчу к1анта:
— Ма тоха. И carla доьхург вац, паччахь ву, — аьлла. Паччахь инзарваьлла шена хезначух:
— Дийцахь, к1ант, со т1елхигаш йоьхна а ма вара, муха воьвзира хьуна со?
—  Д1адаханчу п1ераскан дийнахь маьждиге рузбана вог1уш, ахьа лийзинчу цу хьан когех, боларх воьвзира, — жоп делла к1анта паччахьана.
Оцу к1анте дийцина паччахьа шега даийтинчу кехатах лаьцна. Ткъа к1анта аьлла:
— И-м к1адда а боцург дара, сан эрна хан ма яйа.
— Ой, к1адда а боцург муха ду и? Дийцахьа, х1ун дича, х1ун хир дара-техьа? — хаьттина паччахьо.
—  Сагатдан ца оьшу хьуна. Кхана 1уьйранна со хьо волчу вог1ур ву. Ахьа х1етале дикачех кхузткъе кхоъ дин а, кхузткъе шиъ бере а кечве, х1оранна а терсмаймал-тур а, вир-б1арз а, бож а хилийта.
Ша ма-аллара кечам бина баьллачул т1аьхьа, ницкъ болчу паччахьана т1е ваха новкъа ваьлла и к1ант.
И паччахь вехачу шахьарна шаьш чоьхьа доьвлчхьана, «г1алх» мел аьллачу ж1аьлин са даккха, аьлла, омра дина к1анта шен берешка. Ж1аьлеш дойуш, xlopш бог1уш, цецбоьвллачу шахьаран бахархоша хаьттина:
— Аш х1ун леладо, х1ай? — аьлла.
— Тхо паччахьана т1е дог1уш ду! — жоп делла берийн буьйранчас. Кхарах лаьцна паччахье хаийтина наха.
— Схьабахкийта, новкъарло ца еш, — аьлла паччахьо.
— Аша лелорг х1ун ду, ж1аьлеш дойуш? — хаьттина цо берешка.
—  Сийсара, ворх1 лам а битина, барх1алг1ачу лам т1ехьахь, жа юккъе борз иккхина, жа х1аллакдеш, аса кхойкхуш мохь беттарх, царех цхьаммо а «г1алх» ца элира, — жоп делла к1анта.
—  Ой, ворх1 лам а битина, барх1алг1ачу лам т1ехьара хьан жа дойуш, кхузарчу ж1аьлешна мичара хезар дара? — цецваьлла паччахь.
—Тхан паччахьан х1орда бухара айг1ар терсича, ворх1 лам а битина, барх1алг1ачу ломарчу хьан кхелашна а хезнерий и? — жоп делла к1анта.
—  Хьо ву суна т1е ваийтинарг, аса маж а йолуш, воккха стаг ваийта ма аьллера?
—   Маж-м   х1окхуьнан  а  ю,   —   олуш,   бож  хьалха  кхоьссина  к1анта паччахьана. — Делахь а маж хиларх ца тоьа, хьекъал ца хилча.
Цецваьлла паччахь хаттарш дан волавелла, xlapa зуьйш.
— ГIаш а, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а воцуш, чохь а, арахь а воцуш, стаг ваийта ма аьллера аса. И мичахь ву?
Схьалаьцна вир-б1арз не1аран carle юккъе х1оттийна кГанта, ши ког арахь а болуш, шиъ чохь а болуш. Т1аккха ша т1ехиъна цунна, ц1оганехьа а вирзина.
— Г1аш а вуй со, говраца а вуй со, стиглахь а вуй со, лаьттахь а вуй со? Чохь а вуй со, арахь а вуй со? — аьлла, хаьттина цо.
Шен толамах дог диллинчу паччахьо дешин боги чохь седанал а хьаьъна хи х1оттийна шена уллохь. Ткъа к1анта цу боги чу ч1ешалг кхоьссина.
— И мукъана х1ун дара хьан? — хаьттина паччахьо.
— Бога дешиниг х1оттор — дешел а ч1ог1а наха хьайн сий до, бохург дара хьан. Цу чуьра сирла хи — хьайн хьекъал дукха ду, бохург дара хьан. Ас ч1ешалг тасар — оццул хьуна к1орга хетачу хьан хьекъална т1ай тиллина, сан хьекъал дехьа далалур ду, бохург дара.
Дан амал а доцуш, къера хилла паччахь.

Мискачу стеган к1ант

Цхьана мискачу стеган цхьа к1ант хилла. Ша валале, дас весет дина к1анте:
— Варий, варий, аса ца аьлла, олийла дац хьуна, куьйсачу стагана балха ма х1отталахь, куьйса стаг сутара а, тешам боцуш а хуьлу хьуна, — аьлла.
Да веллачул т1аьхьа, кхин дан х1ума а ца хилла, чух1отта цхьана юьрта вахана к1ант.
Дуьхьалаваьлла кхунна цхьа куьйса стаг.
— Ахьа х1ун леладо, жима к1ант? — аьлла, хаьттина цо.
— Со-м цхьанна чух1отта бохуш веънера, — аьлла к1анта.
— Со ву-кх балха х1отта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Х1ан-х1ан, куьйсачу стагана балха ма х1отта, аьлла, весет дина соьга сан дас, аьлла, д1аволавелла к1ант.
T1e  кхин  бедар  а юьйхина,  дехьахула хьаьвзина веанчу тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина кхуьнга:
— Ахьа х1ун леладо, жима к1ант? Хьо ма лела? — аьлла.
— Со-м болх лоьхуш ма лелара, — аьлла, жоп делла, х1умма а шек воцуш к1анта.
— Со ву-кха балха xloттa стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Х1ан-х1ан, куьйсачу стагана балха ма х1отта, аьлла, весет дина соьга сан дас, — аьлла к1анта.
Дехьо ваьлла xlapa воьдуш, кхин духар а дуьйхина, веана дуьхьал а ваьлла, юха а тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина:
— Ахьа х1ун леладо, к1ант? — аьлла.
— Болх лоьхуш лелара со-м, — аьлла к1анта.
— Со ву-кх балха х1отта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Ванах, шу дерриге а куьйса-м дац х1окху юьртахь мел дерш а? — аьлла, цецваьлла к1ант.
— Ду дера, — аьлла куьйсачу стага.
— Делахь, со хьуна балха х1оттаза вер вац-кх. Бинчу балхана ял мел лур ю ахьа? — аьлла к1анта.
— Вайшиннах хьалхе дохковаьллачо лур ю ял: атйокх еккалц даош-малош кхобур ву ас хьо. Реза вуй хьо? — аьлла куьйсачу стага.
Оцу т1ехь барт а хилла, к1ант кхунна балха х1оьттина. Ц1а ма-кхеччи, къуйсачу стага аьлла к1анте:
— XIapa ворда а йожий, хьайца xlapa эр а эций, дечиге гlo вайна. Эр эккха-эккхачу эккхар ву хьо хьайн ворданца.
— Дика ду, — аьлла, вахана, дечиг а дахьаш, эр лелх-лелхачу а лелхаш, ц1а вог1уш хилла к1ант. Шайн кет1а ма кхеччи, дахана эр, кет1арчу утармин 1уьргах чекхъиккхина.
—  Х1ей, дела диса хьо хьайн да велла! — аьлла, вахана, шен ворда д1а а хецна, хьаьккхина и вовшах а йоккхуш, утармин 1уьргах чекхъяьккхина к1анта.
Т1аккха т1евоьллачу к1анта, тоьхна цхьа сту а бийна, цунах кегийра дакъош а дина, и дакъош утармин 1уьргах чекхдохуш xlapa воллуш, веана ц1а кхаьчначу дас, куьйсачу стага, хаьттина:
— Хьо х1ун деш ву? Хьера-х на ваьллий хьо? — аьлла.
—  Со-м xlapa не1алт хилла йовсар чекхдаьллачухула, чекхвала г1ерташ ма воллура. Ворда а, цхьа сту а чекхбаьккхина волуш воллу со. Х1инца цхьа сту бен бисна а бац, — аьлла, жоп делла к1анта.
— Д1авала, хьаштдоцург ма леладе! — аьлла, воьхна хьаьвзина куьйса стаг.
— Дохковолий хьо? — аьлла, хаьттина к1анта.
— Дохковала а ца вала а, х1ума дацара и-м. Х1ан, валал, дитал и, — олуш, куьйсачу стеган керта бахана xlopш.
—  Хьадал, оцу вайн бешана керт ел! — аьлла, вахийтина куьйсачу стага xlapa к1ант.
Кхано, керт йина ваьллий-те xlapa, аьлла, вахана куьйса стаг. Бешана гобаьккхина кегаш а йоьхкина, Iaш карийна кхунна к1ант.
— Xlapa х1ун ду ахьа динарг? Иштта йо керт? Аса даьхний чекх ца доьвриг керт е ца аьллера хьоьга? — аьлла, карзахваьлла куьйса стаг.
—  Дера дац х1окхунах чекх-м, цхьа а бежана а, я стаг а! Хьажал, хьо валалой, хьо ца тешахь, — аьлла к1анта.
— Хьажахьа, оцо дуьйцучуьнга! — аьлла, кегаш т1оьхула ког дехьабоккхуш xlapa воллуш, дика лачбоккхуш, хьокха тоьхна, ност а йош, куьйса стаг охьа а виллина, хаьттина к1анта:
— Валалур вуй? — аьлла.
Цул т1аьхьа, цхьана буьйсанна шен нене аьлла куьйсачу стага:
—  И к1ант вай аттачу балхах дита ца воллу. Д1авахийтаза вер вац иза. Тховса оцу вайн 1ожа т1е а ялий, атйокхах ека хьо. Шен ял а елла, д1авохуьйтур ву вай и к1ант, — аьлла.
Т1еяьлла, «ат-йокх», «ат-йокх», аьлла, атйокхах екна нана.
— Не1алт хуьлда хьуна! Стенна ека хьо, хьайн хан йоцуш? — аьлла, арахь вижина 1уьллучу к1анта топ тоьхна, охьаяхийтина куьйсачу стеган нана, атйокх ю моьттуш.
Т1аккха ойлаян хоьвшина xlopш, мар а, цуьнан зуда а:
— Вай х1инца довда деза, ца довдахь, г1уллакх хир дац, цо дерриге дойур ду вай, цхьацца х1илланашца, — бохуш.
Дика барт а бина, кечам бан боьлла xlopш, зудчо шайна некъана даа х1ума кечдина, майрачо чу х1умнаш а юхкуш, т1орказ кечдина.
Куьйса стаг ара а валийтина, xlapa к1ант х1умнашна буха, т1орказ чу д1алечкъина.    Майра   а,   зуда   а,   шайн   т1орказ   вирна   т1е   а   диллина,д1абуьйлабелла. Д1аоьхуш, садайна. Т1аккха цхьана берда йистехь, г1ел а, мац а белла, буьйса яккха севцна xlopш. Шайна юург схьаэца, аьлла, т1орказан нег1ар хьалаайина кхара.
— Дукха гена доьвллий-те вай? — аьлла, чуьра схьаваьлла xlapa к1ант.
—  Ой, хьо тамашийна 1аламат! — аьлла, цецбоьвлла, вовшашка хьоьвсина xlopш. Т1аккха, кхин дан х1ума а ца хилла, цхьана охьахоьвшина шайна х1ума а йиъна, берда йисте, и к1ант а т1ехь, д1абийшина.
К1антана наб кхетта хир ю, аьлла, хеттачу хенахь, майрачо зудчуьнга аьлла:
— Ас кхано, х1окхуьнан наб ч1аг1ъеллачу хенахь, х1окху берда йистера д1а а ваьлла, xlapa ша вуьтур ву хьуна берда йистехь. Аса хьайна м1ара къовзийна муьшка йича, мийраш тохий, чукхоссалахь иза.
Цара дуьйцург хезначу к1анта, кхарна наб а кхетийтина, ша берда йистера вукху aгlop а ваьлла, м1ара къовзийна муьшка йина зудчунна. Зудчо мийраш тоьхна бердах чувахийтина шен майра — куьйса стаг.
Куьйса стаг а къарвина, шена йог1у къинхьегаман ял а эцна, ц1а вахана мискачу стеган к1ант.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru