Тинин Вуьсий, 1аьржа-Хожий
Цхьана дийнахь талла вахана хилла кхо ваша Туьмин Бетиггий, Батин Ширдиггий, Тинин Вуьсий. Толлуш лела-аш, ц1еххьана цхьана кулла к1елхьара схьаиккхина, цу кхаанна хьалхара д1аедда лергьяхар. Ч1уьйнаш тоьхна, лергьяхар ен а йийна, х1ан, ахьа ятта xlapa, аьлла, Тинин Вуьсига иза а елла, ког хецна дечгаш к1ел д1авижина воккхах волу ши ваша. Лергъяхарна1 чуьра чо-ко д1а а ца йоккхуш, дийнна ятта а еттина, уллорчу цхьана куллах хьалаоьллина Тинин Вуьсас, вежарий сама а баьхна, яа дагахь.
Тинин Вуьса вежарий самабаха, аьлла, д1аволавелчахь, ден а елла, лергьяхар едда коьллашна юкъа иккхина... Тинин Вуьсас вежарий сама а баьхна, аьлла:
— Аса лергьяхар ятта а еттина, д1о куллах д1аоьллича, ден а елла, и едда д1аяха.
Вежарий Тинин Вуьсас дуьйцучух ца тешна.
— Лергьяхар ахьа йиъна,— аьлла цара.
Юха а хьалхалерчу д1а а вахна, д1авижна Туьмин Бетиг а, Батин Ширдиг а.
И шиъ юха самавалале, дог а иккхина, велла 1уьллуш хилла Тинин Вуьса. Хьалаг1аьттинчу шина вешина гина велла 1уьллу шаьшшиннан ваша. Цо колл хьахош дагадеанчу шина вашас Тинин Вуьса вахьа а вихьина, лергьяхар тохара хьалаоьллинчу, цу куллах хьакхийна. Ши б1аьрг а боьллуш, набарх волуш санна, ден а велла, хьалаг1аьттина Тинин Вуьса.
— Ой, xlapa колл-м нах денбеш колл ма ю, вайх тоьллачунна йита еза xlapa, къовсадала деза вай, — аьлла вежарша.— Хьуьнар тоьллачуьнан колл хир ю вайн,— аьлла воккхах волчу Туьмин Бетига.
— Дийцал делахь хьайн хьуьнар, — аьлла, воккхах волчу веше Батин Ширдига.
— Шегахь кхин доккха хьуьнар а дац, амма, кхан дохалла гена, пел ерзийнчу шаьлтанах тоьхна ч1у, нисса ах-ах боькъур-м бара ша, — аьлла Туьмин Бетига.
— Х1ета ша оцу ахьа т1ехь ч1у бекъначу шаьлтанан юьхьига т1ехь, керла бинчу к1архийн бухара айраш цхьа цуьрг а талха ца деш, хелхаран бал боккхур бара, — аьлла Батин Ширдига.
Шен хьуьнар дийца parl жимчунна, Тинин Вуьсига кхаьчначу хенахь, воккхах волчу шина вашас аьлла:
— Хьан х1ун хьуьнар ду тхойшинна гайта?
— Ша 1аьржа-Хоже, хьан меран ах стен яьккхина, аьлла, хаттар дийр дара-кх, — аьлла жимах волчу вашас.
1аьржа-Хоже цуьнан меран ах стен яьккхина, аьлла, хаттар дан ваьхьар волуш стаг дуьнен т1ехь а воций, хууш хилла Туьмин Бетигна а, Батин Ширдигна а.
— 1аьржа-Хоже иза а хаытина, Тинин Вуьса юхаверзахь, и нах денбеш йолу колл цунна юьтур ю вайшимма, — аьлла, сацийна шина вашас.
Воккхах волчу вашас ша ма боххура, кхан дохалла шаьлта ира а йоьг1на, тоьхначу ч1ух ши ах йина.
Цул жимах волчу вашас шаьлтанан юьхьига т1ехь хелхаран бал а баьккхина, к1архийн айраш а ца талхош. Уггар а жимачу вашас Тинин Вуьсас, ша аьлларг кхочушдархьама, 1аьржа-Хожа вехачу махка новкъа ваьлла.
Д1авоьду-уш, Тинин Вуьсина геннахь 1аьржа-Хожа гина, ши саьрмик готанна а боьжна, шодмийн метта лаьхьарчий а детташ, хьаьжк1аш ен меттиг охуш воллуш. Т1еваханчу Тинин Вуьсас 1аьржачу-Хоже хаьттина:
— Хьан меран ах стен ят1ийна?, — аьлла.
Т1екхеттачу 1аьржачу-Хожас хьалаайбина Тинин Вуьса тоьхна пхийтта аьрша лаьттах вахийтина. Лаьтта бухара хьала а ваьлла, шозлаг1а а хаьттина Тинин Вуьсас 1аьржачу-Хоже:
— Хьан меран ах стен ят1ийна?
Юха а, хьала а айбина, 1аьржа-Хожас Тинин Вуьса пхийтта аьрша лаьттах вахийтина. Т1аккха а, лаьтта бухара хьала а ваьлла, Тинин Вуьсас хаьттина 1аьржачу-Хоже:
— Хьан меран ах стен ят1ийна бохий аса-м?!
XIapa къонаха къарвала воллуш вац, аьлла, 1аьржа-Хожас дийцина шен меран ах стен ят1ийна:
— Цкъа, цхьана буьйсанна зудчуьнца дов даьллачохь, цунна буйн ластийча, п1елган м1ара таса а елла, ят1ийна сан меран ах.
1аьржа-Хожин меран ах, муха яьтт1а хиъча, шен вежарий болчухьа, ц1ехьа вирзина Тинин Вуьса.
Новкъа схьавог1уш мох а баьлла, дарц а даьлла, цхьа инзаре ч1ог1а дог1а тоьхна кхунна т1е. Д1ахьаьжча, Тинин Вуьсина шена уллохь цхьа доккха адам гина. Цу адамо аьлла:
— Схьавола, некъахо, х1окху сан кхел д1аяьллачу к1аг чу хаа хьайна, мох а, дарц а саццалц.
Вуьса цу к1аг чу хиъна.
Дог1а а, мох а сецча, кхел яьккхинчу к1аг чуьра схьаваьллачу Тинин Вуьсас хаьттина цу адаме:
— Дийцахьара ахьа, хьан кхел муха яьлла д1а? — аьлла. Цу доккхачу адамо дийцина цу кхелах лаьцна.
— Ша а, шен итт ваша а, тхо цхьайтта вара талла вахана. Цигахь лелаш, т1е1оттаделира тхо цхьа б1аьрг болчу наьртана. Цо тхо ша дерриш хьала а айбина, шен томка чохь долчу кисет чу тийсира. Ц1а кхаьчча, сан итт ваша кисета чуьра схьаэцна, ц1ерга а хьовзош, куллан б1араш санна, цхьацца бага тосуш, кхаьллина д1абехира цо. Т1аьххьара кисет чу куьг а хьаькхна, со схьа а эцна, хьажа а хьаьжна, xlapa дукха оза ву, аьлла, кхоьссина не1аран к1ажа вахийтира. Ши ког хецца, шен маьнги т1е д1авижира наьрт. Иза д1авижале дуьйна, цунна гондахьа хьийзаш яра цхьа бож. Наьрто кест-кеста шена т1е а ялайой, Дадин бож, олий, букъ т1е куьг а хьокхий, хабар дуьйцура цуьнга. Иза д1а а вижийтина, тоьхна и Дадин бож ен а йийна, цуьнан жижиган чарх маьнг к1ел а йиллина, со божан ц1окан чу велира. Схьаэцна боккха т1улг а тоьхна, Дадин б1аьрг а баьккхина, Дадин бож а хилла, со улло д1ах1оьттира. Наьрто хьалаиккхина, цкъа-шозза Дадин бож, ара ма валийталахь иза, аьлла, сан букъах шен доккха куьг а хьаькхна, ца хууш 1оттавелла, не1арна дуьхьлара чхар куьйгаца д1атеттина, араваллал меттиг яьккхира суна. Цигара ара а иккхина, со шина-кхаа ломал дехьа ваьлча, аса мохь туьйхира:
— Хьан б1аьрг баьккхина Дадин бож со ву хьуна! — аьлла. Схьаэцна цо шен не1арера и чхар схьаластийна, суна т1е ца кхеташ, уллорчу бердах кхетта, цунах схьалилхинчу дакъойх хиллачу т1улго х1етахь сан кхел яьккхира.
И хабар шена иза дийцина ваьлча, шен вежарий болчу вахара Тинин Вуьса. Вежарша, Тинин Вуьсас 1аьржачу-Хожера жоп дарна, адамаш дендеш йолу колл цунна йитира.