Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Кхо ваша а, саьрмик а

Дас к1антана вониг хьоьхур дац.
Цхьана ден кхо к1ант хилла. Дас, ша валале, весет дина хилла к1енташка:
—  Х1окху вайн махка т1ера д1абоьдуш кхо некъ бу шуна. Царах ширчу новкъа ма г1олаш, — аьлла.
Мацца а цкъа, хан яьлча, шайн да веллачул т1аьхьа, араваьлла д1авоьдуш, цу ширчу некъа т1е кхаьчна к1ентех уггар воккханиг.
— Вахана хьожур ма ву со, х1окху некъа т1ехь х1ун ду, — аьлла, д1авоьдуш хилла xlapa, новкъа а х1оьттина. Дуьхьалбаьллачу саьрмико хаьттина к1анте:
— Ахьа х1ун до, к1ант, хьо стенга воьду? — аьлла.
—  Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан дас, ша валале, весет динера, х1окху новкъа ма г1олаш, аьлла. Иза х1унда аьлла хилла-те цо, бохуш, хьажа веънера со-м, — аьлла к1анта.
— Хьайн дас бохучух а ца тешаш, веъна хьо?! Аса гойтур ду хьуна кхузахь дерг-м: илли олуш, хьо сол ца толахь, аса бер бу хьан болх. Хаьий хьуна илли ала? — аьлла, хаьттина саьрмико.
К1анта, ца хаьа шена илли ала аьлча, кхаьллина саьрмико и к1ант.
Т1аккха цуьнан шолг1а волу ваша вахана оцу ширчу новкъа, цигахь х1ун ду хьожур ма ву ша, аьлла.
Цуьнга а, илли ала хаьий хьуна, аьлла, хьаьттина саьрмико.
Ца хаьа шена аьлча, кхаьллина цо иза а.
Шен вежарий ц1а бахка хьебелча, кхоалг1аниг, уггар жиманиг вахана царна т1аьхьа.
Воьдуш, xlapa а саьрмик болчу кхаьчна, вукхаьрга санна, х1окху к1анте а д1ахьедина:
— Илли аьлла я туьйра дийцина, хьо шел ца толахь, ша бер бу хьан болх, — аьлла.
—  Дика ду. Ша туьйра дуьйцур ду хьуна, — аьлла к1анта. — Бакъду, дуьйцуш лаьтташ,  вовшашна юкъаг1ертар дац вай,  дуьйцург чекхваллалц, дийца вуьтур ву вай. Нагахь юкъаг1ортахь, иза эшна ву вайх. Ткъа со толахь, сан ши ваша схьалур ву ахьа, — аьлла к1анта.
Цу т1ехь барт а хилла, к1ант дийца волавелла:
—  Стохка 1ай х1ордана бинчу ша т1ехь говрийн рема яжош вара со. Кхано бецах юьзначу говрийн хи мала дезаш хилла, диг деттарх дагарца и исс аьрша стомма ша боха а ца белла, дагарх ц1е йиллира аса, ша башо. Ц1е а летта, сан диг, шах 1уьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага т1ехь а юьсуш.
Д1а-схьа хьажарх, хи схьаэца х1ума а ца хилла, катоьхна сайн коьртан туьта схьа а яьккхина, хи малийра аса говрашна. Суьйранна, шелъяла йоьлча, сихха сайн рема а лаьллина, стигала хьала, мархаш т1е буьйса яккха вахара со.
Кхано хьаьжча, сан коьртан туьта ян а яц-кх коьрта т1ехь.
Ой, xlapa х1ун ду? — аьлла, ведда юха а вахана, д1ахьажча, сан коьртан туьтана чохь, шена бен а бина, чухиина 1аш лекъ дара. Д1а катоьхна и лекъ схьа а лаьцна, сайн коьртан туьта т1е а тиллина, т1ехиира со лекъана. Вадийна валийна, охьавиллира со лекъо, сайн ремина юххе, мархаш т1е. Тоьхна и лекъ ден а дийна, ц1е а латийна, ворх1 б1е ов1 а дина, со лекъан жижиг эвнаш т1ехь доттуш воллуш, вайн цхьа оврах, даьтта схьаэха доладелира. Цу даьттанан хьожа кхетта, беана хьо бара бухахь гуш, даьтта бага нисда г1ерташ, хьалакхиссалуш.
— Мичахь бара?! Мичахь бара со?! — аьлла, саьрмик хьалаиккхира, тохара шаьш бина барт а бицбелла.
— Вахь-вахь-вахь! — аьлла, велар а оьккхуьйтуш, — хьо ийши, хьо ийши! Ахьа вайша хьалххе бина барт бохий! Схьало сан вежарий! — элира к1анта.
Маттана говза а хилла, шен дас бохург ца дина, шен ши ваша а валош, ц1а веъна жимах волу ваша. Шен вежаршка бехк а баьккхина цо:
— Иштта хуьлу шуна, дас бохург ца дича! — аьлла. Цул т1аьхьа кхин ца бахана уьш оцу ширчу новкъа.
Барт а болуш, хаза нахана дош а хеташ, диканиг бен ца деш, бехха бехира вежарий. Со а ваханера уьш болчу хьошалг1а, цаьрца аса ниха а лелира, т1е жижиг-гала а кхаьллира.

Байнал-Бусани

Цхьана жерочун ворх1 к1ант хилла. Воккхах волчу ялх вешина хезна, цхьана эвлахь ехаш 1аламат ч1ог1а хаза, малх-бутт коьрта т1ехь а къегаш, цхьа йо1 ю, аьлла. И йо1 мила ю ца хиъча, дуьне дуур дац шаьш, аьлла, араваьлла ялх ваша. Д1авоьдуш, мацца а цкъа ялх ваша и йо1 йолчу эвла кхаьчна. Церан уьйт1а а бахана, аьлла:
— Тхоьга яг1ахьара хьо.
Йо1а жоп делла:
— Нагахь санна Байнал-Бусани бохург шуна х1ун ду хаахь, йог1ур ю со, — аьлла.
Ялх вешина и х1ун ду ца хиъна, цара аьлла:
— И х1ун ду, тхуна хаац.
Оцу сохьтехь шага-т1улгаш а хилла, д1ах1оьттина ялх ваша. Цул т1аьхьа дикка хан яьлча, воккха хилла ворх1алг1а жимах волу ваша. Воккха хилча, хезна цунна а, вукхарна санна, коьрта т1ехь малх-бутт къегаш йо1 ю цхьана эвлахь, бохуш. Шен нене и йо1 яло воьду ша, аьлла к1анта.
Нана дуьхьаляьлла:
— Ма г1ахьара хьо. Хьан ялх ваша, цига ваханчохь, велла,— аьлла.
К1ант, нанас иштта боххушехь, иза хьаста а хьаьстина, дика кеч а велла, новкъа ваьлла. Д1авоьдуш, йо1 йолчу эвла кхаьчна. Цу эвла кхаьчча, нахе хаытина, йо1 мичахь 1аш ю, аьлла. Лула-кертахь Iaш йолчу цхьана Жоьра-Бабас, ша йолчу а валийна, дийцина к1антана, цигахь цу йо1а хеттарш деш, жоп ца делча, шага-т1улгаш а беш, дукха нах байина, бохуш.
Т1аккха хьехар дина к1антана:
—  Ио1 йолчу керта чу а валий, ала, соьга йолахьа. Цо жоп лур ду хьуна, йог1ур ю-кх, хьуна Байнал-Бусани бохург х1ун ду хаахь, аьлла. И-м х1окху сохьтехь хуур дара суна, алий, динна шед а тохий, кертара сиха араэккха. Цигара араваьлча, дин д1ахецций, новкъа вала. Д1авоьдуш, цхьана арахь исс наьрт-орстхо волчу кхочур ву хьо. Дуьххьара хьо т1екхочу волу барх1 наьрт-орстхо-воккхачу наьрт-орстхочун т1аьхье ю хьуна, ша-ша ваха охьахоьвшина. Дуьххьарниг чухьодур  ву хьуна,  мох-дарц  айдина,  генара дуьйна  йоккха чхьонкар кхуьйсуш. Цунна, шек а воцуш, т1ехвала хьо.
Шолг1аниг кхин а буьрса чухьодур ву хьуна, кхоалг1аниг кхин а буьрса хьодур ву. Т1аьхь-т1аьхьара т1етт1а буьрса буьйлуш, чхьонкарш а кхуьйсуш, чухьовдур бу хьуна уьш. Ахьа, хьо кхеравеллехь а, кхеравеллий ма хаийталахь. Т1аьххьара уьссалг1а наьрт-орстхо волчу кхаьчча, цунах лата а латий, и кхера а вай, дийцийта хьайна, Байнал-Бусани бохучуьнан маь1на х1ун ду. Цул т1аьхьа йо1 йог1ур ю хьоьга.
Йо1 йолчу керта а иккхина, т1аккха мохь а тоьхна, новкъа ваьлла к1ант воьдуш, Жоьра-Бабас ма-аллара, кхунна дуьхьал ваьлла наьрт-орстхо. К1антана дуьхьалкхеттачу жимах волчу наьрт-орстхочо, мох-дарц тоьхна, 1аь г1аттийна, генара дуьйна чхьонкар а кхуьйсуш. Шек а воцуш, иза тергал а ца веш, д1авоьдуш хилла к1ант. Наьрт-орстхо, т1екхетта, цунах тасавелла. К1анта, хьала а айбина, лаьттах тоьхна наьрт-орстхо, цуьнан 1аьлдаь1ахк а ца юьтуш, вийна.
Шолг1аниг а, кхоалг1аниг а вийна. Наьрт-орстхой х1аллакбеш д1авоьдуш, барх1алг1ачунна т1е кхаьчна к1ант. Цигахь барх1алг1ачу наьрт-орстхочух вехха тийсавелла к1ант. Цу шинна т1ера охьаихначу хьацаро гоьллелц хатт баьккхина. И наьрт-орстхо а вийна, д1аиккхина воьдучу к1антана дуьхьал yccaлгla воккхах волу наьрт-орстхо ваьлла, беттачу когаша латта дегош, доь1учу сино мархаш лоьхкуш, стиглахь ченан к1ур, дарц, мох а айбина, айа ма-ллу йоккха чхьонкар генара кхуьйсуш. Шен динара охьа а воьссина, наьрт-орстхочух тасавелла к1ант. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий тийсавелла и шиъ.
Т1аьххьара к1анта, шаьшшинна т1ера ихначу хьацаро баьккхинчу хотталахь, лаккха стигала хьала а айбина, лаьттах тоьхна, г1одаюккъелц лаьттах вахийтина наьрт-орстхо.
Хьалаиккхинчу наьрт-орстхочо к1ант белшшелц лаьтгах вахийтина.
Т1аккха оьг1азваханчу к1анта, хьала а иккхина, наьрт-орстхо ч1енггелц лаьттах вахийтина.
Наьрт-орстхочо к1анте аьлла:
— Х1ун оьшу хьуна, схьаала, вен ца вуьйш, лаьттах хьала а ваккхахьара со. Лерг лаьцна, озийна, лаьттах наьрт-орстхо хьала а ваьккхина, к1анта аьлла:
—  Суна кхин хьоьгара х1умма а ца оьшу, цхьа Байнал-Бусани бохург, х1ун ду хаар бен. Иза ахьа алахь, ца вуьйш вуьтур ву хьо.
Наьрт-орстхочо аьлла:
— Схьавола шена т1аьхьа.
Цхьана боьрахь йинчу х1усаме а вигна, цуьнан дог1а д1а а даьккхина, цу чу хьаьжийтина к1ант. Цу ц1а чохь к1арула-1аьржа ж1аьла хилла.
—  И лаьттарг Бусани ю хьуна, сан зуда ю xlapa, нахаца леларна, ж1аьлин амате йирзина. Со цуьнан майра Байнал а ву хьуна. Ткъа хьо х1унда веана а хаьа суна. Хьо сан йо1а, Байнал-Бусани бохург, х1ун ду хаахь, йог1ур ю ша, аьлла, дош а делла, веана. Хьох х1инца сайн нуц а вийр ву аса, сан йо1 а ялош, схьавола, кхузахь шуынинна даллалц, ког я куьг меттах а ца хьадеш, даххал бахам а бу сан. Ахьа сан барх1 к1ант вийний а хаьа суна. Делахь а, оцу барх1 к1ентан, хьол толлал, ницкъ ца тоьъна, хьо нуц царал тоьлаш хета суна, — аьлла наьрт-орстхочо Байнала.
Цигара ц1а а вирзина, малх-бутт коьрта т1ехь къегаш болчу йо1ана т1е вахана к1ант. Уьйт1ахь шен хьесан чимчарг1а а деш, Iaш йолчу йо1ана т1е а х1оьттина, аьлла к1анта:
— Йо1, соьга йолахьа.
— Йог1ур ю-кх, хьуна Байнал-Бусани бохург, х1ун ду хаахь,— аьлла йо1а. К1анта жоп делла:
— Бусани, нахаца а лелла, ж1аьлин куьце йирзина хьан нана ю, ткъа Байнал хьан да ву, — аьлла.
Оцу сохьтехь цхьаццанхьа шага т1улгаш а хилла 1охку нах, ша баша а бешна, набарх бовлуш санна, сама а боьвлла, шаьш х1ун леладо а ца хууш, д1асахьоьвдда, к1елхьарабовла. Цу к1анта шен ялх ваша а ц1а валийна.
Шен йо1 а эцна, наьрт-орстхо Байнал волчу а вахана, цигахь шен хазачу нускалца ваха хиина ворх1 вешин жимах волу ваша, шен вежаршца цхьаьна.
XIop дийнахь диканиг т1едог1уш, вониг, го а тосий, д1адоьдуш, бертахь бехаш бу уьш х1инца а.
Г1алди-булди царна, к1айн бож вайна.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru