Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Муьлха хилла йоккха?

Цхьа сту хилла бежаш. Bopxl ломал дехьа кхоьвдий, буц кхоллуш, вукха ворх1 ломал дехьа кхоьвдий, 1ам чуьра хи молуш, лаьтташ хилла иза.
Мичара ели а ца хууш, мархашкара, лакхара цхьа йоккха аьрзу еана. Катоьхна м1арашца и сту схьа а лаьцна, мархашка д1аяхана аьрзу. Лелаш, лелаш охьа а хиъна, сту баа меттиг лоьхуш хилла цо.
Т1аккха цхьа йоккха бож яйна цунна лаьтташ. Оцу божан ма1аш т1е а хиъна, сту биъна аьрзуно. Оцу божан можан 1индаг1ехь вижна жа1у хилла наб еш. Сту биъна а яьлла, шен з1ок оцу стеран пханаран даь1ахках хьаькхна ц1ан а йина, и даь1ахк охьакхоьссина аьрзуно. Пханар доьжна наб еш 1уьллучу жа1уьнан б1аьрга. Цунах сама а ца ваьлла жа1у.
Аьрзу д1аяхана. Кхано сарахь, ша жа а лаьхкина ц1а воьдуш, жа1уна шен б1аьрга яхана х1ума хааелла. Хьекхийна б1аьрг, х1ума схьа ца яьлла.
Ц1а веача, шен нене аьлла цо:
— Баба, х1окху сан б1аьрга цхьа х1ума яхана, и схьаяккхахьа! Нанас схьаозийна х1ума, схьа ца яьлла.
—   Вай,   xlapa-м   дер   ю   пханаран   даь1ахк,—   аьлла   нанас.   Т1аккха лулахочуьнга кхайкхина нана. Шиммо а озийна, схьа ца яьлла. Гондахьара нах а балийна, озийна даь1ахк, т1аккха а схьа ца яккхаелла.
Исс эзар к1ур болуш, йоккха юрт хилла иза. Паж такхол, мел болу баккхийнаш а, бераш а гулбина, з1енаш а тесна, жа1уьнан б1аьргара пханар схьадаьккхина. Шайн жа1у оцу балех хьалхаваларна баккхийбеш, оцу юьртахь болчу массо а наха сацам бина, исс эзар к1ур болу ерриг а юрт цу пханар т1ехь йилла. Чехка шайн юрт пханари т1е а йиллина, баха хоьвшина нах.
Цул т1аьхьа цхьа тамашийна х1ума хааделла юьртахошна. Буьйсанна хьеран т1улг санна, хьийзаш хилла церан юрт. XIapa х1ун ду-те, аьлла, кегий нах юьртара арабахана буьйсанна, и х1ума ларъян. Хьоьвсича, гина царна, буьйсанна, цу пханари т1ера церг етташ, жижигаш даха оьхуш, цхьа доккха цхьогал хилар.
Шолг1ачу буса оцу юьртахь топ йолуш мел волу б1е ткъе пхи стаг ара а ваьлла, тоьпаш а йиттина, цхьогал дийна.
1уьйранна арабоьвллачу наха цхьогалан цхьана аг1он т1ера ц1ока яьккхина. Оцу исс эзар к1ур болучу ц1ийнах мел волчунна цхьогалан ц1оканах цхьацца кетар хилла.
Вукха aгlop цхьогал даккха а ца делла, ц1ока т1ехь йисна.
1уьйренан заман чохь хи т1е йог1уш хилла цхьа къена Жоьра-Баба.
—  XIapa яра х1окху юьрте а т1ек1ел ца яккхаелла цхьогалан к1орни? — аьлла, Жоьра-Бабас, чамий а 1оьттина, цхьогал вукха arlop даьккхина.
—  Сан кхо шо кхаьчначу к1ентан к1антана кетар хир ю кхунах, — аьлла, бабас цхьогалан йисина ц1ока схьаяьккхина.
Шен к1ентан к1антана кетар йина бабас, амма пхьуьйшашний, кетаран кочаний ц1ока ца тоьъна.
Хаал, оцу йийцинчех, муьлха йоккха хилла:
сту, аьрзу, бож, жа1у, цхьогал, Жоьра-Баба я к1ентан-к1ант?

Кхаа вешин хабар

                                        I
Хьалхалерачу заманчохь цхьана ден кхо к1ант хилла. Ша леш дас шен к1енташка аьлла:
— Х1ан-х1а, сан к1ентий! Со вала воллу, цхьана меттехь аса лаьттах доьллина т1орказ ду, цуьнан дог1а х1унехдинчу меттехь ду. Со веллачул т1аьхьа, пхи-ялх де даьлча, кхоь а цхьаьна, и дог1а а даккхий, цу т1орказ чу хьажалаш.
Дукха хан ялале да кхетта велла церан. Вежарех лечкъина, жимах волчу вашас вахана т1орказан дог1а даьккхина. Чухьаьжначу к1антана т1орказ чохь карийна сов дезачу механ кхоъ жовх1ар.
Царах цхьаъ лачкъа а дина, т1орказ д1а а къоьвлина, тохара санна, дог1а ша хиллачу д1адиллина цо.
Пхи-ялх де даьллачул т1аьхьа, воккхах волчу вашас аьлла шен шина веше:
— Х1инца схьаэца, вайн дас аьлла дог1а, оцу т1орказ чу хьовсур ду вай. Дог1а схьаэцна, т1орказ чу хьоьвсича, царна шиъ бен жовх1ар ца карийна.
Воккхах волчу вашас аьлла:
—  Х1окху чохь жовх1ар кхоъ хилла хир ду. Вайх цхьамма цхьа жовх1ар лачкъийна, х1унда аьлча, вайн да хьекъал долуш стаг вара, вай кхаанна ц1арах цхьацца жовх1ар бен дуьллур дацара цо д1а. Оццул кхетам болуш волчу цунна хуур дара, декъа а, дохон а йиш йоцуш долу ши жовх1ар вовшашна юккъехь декъа а, нисда а вайн барт кхетарг цахилар. Цу т1е а доьг1на, суна хета, оцу чохь жовх1ар кхоъ хилла, аьлла.
Мухха а цу т1оьхула барт а ийг1ина, кхо ваша цхьана махкахь кхиэле хууш, говза дов къастош стаг ву, аьлла, шайн дов цуьнга къастадайта, цига ваха араваьлла.
                                      
                                        II
Дикка гена боьвллачу хенахь, воккхах волчу вашас аьлла:
— Кху новкъа, шен дех а къаьстина, цхьа эмкал яхана-кх. Цул жимах волчу вашас аьлла:
— Яха а дера яхана, т1аьхьарчу аьрру когана астаг1а а дера хилла иза. Оцу шиннал а жимах волчо аьлла:
— Кху новкъа аша боху эмкал яха а дера яхана, аьтту б1аьрг баьлла а дера хилла цуьнан.
Иштта хабар а дуьйцуш, xlopш новкъа боьлхучу хенахь, и эмкал ца карош лела цуьнан да кхарна дуьхьал кхетта. Вокхах волчу вашас цуьнга хаьттина:
— Эмкал яйна-х ца лелий хьо? Цо жоп делла:
— Лела дера, — аьлла. Т1аккха цул жимах волчо аьлла:
— Т1аьхьарчу аьрру когана астаг1а ярий иза? Дас жоп делла:
— Яра дера,— аьлла.
Цу шиннал а жимах волчо аьлла:
— Аьтту б1аьрг баьлла ярий иза? Эмкалан дас жоп делла:
— Яра дера, — аьлла. Т1аккха цара аьлла:
— Хьан эмкал тхуна ган-м ца гина. Цул т1аьхьа эмкалан дас аьлла:
— Шух кхетта-кх сан эмкал, аша схьаяла еза иза. Кхаа вашас аьлла:
— Тхуна хьан эмкал ган а ца гина, оха мичара лур ю хьуна эмкал? Мухха а церан г1уллакх къовсаме а даьлла, вежарша цуьнга аьлла:
—  Делахь хьо тхоьца ван веза, цхьана юьртахь кхиэл ян хууш, говза дов къастош, цхьа стаг ву боху. Цига доьлхуш ду тхо а, тхайна юккъе цхьа дов доьжна. Цо хьан эмкал тхайх хьарчаяхь, оха токхур ю хьуна.
И стаг а вахана цаьрца, кхиэл ян хууш волу стаг волчу.

                                        III
Бахана д1акхаьчна уып. Кхиэл ян хууш волчу стага хаттар дина:
— Шу х1ун г1уллакх хилла даьхкина?
— Тхо кхо ваша, тхаьшна юккъе доьжна дов къасто, хьуна т1е вог1уш вара. Новкъахь дуьхьалкхеттачу х1окху стага, шен яйна эмкал оха лачкъийна бохуш, дов дахьаш xlapa а веана. Цкъа хьалха кхуьнан дов къастор вай, т1аккха оха тхешаниг а дуьйцур ду.
Кхиэл ян хууш волчу стага хаттар дина эмкалан дега:
— Мича бакъонца хьарчо г1ерта хьо кхарах хьайн эмкал?
—  Эмкал яйна, новкъа иза лоьхуш лелаш вара со. Кхарна дуьхьал кхетча, аса шайга д1ахаттале, воккхах волчу вашас элира: «Эмкал яйна-х ца лелий хьо?» Цул жимах волчо элира: «Т1аьхьарчу когана астаг1а ярий иза?» — аьлла. Цу шиннал а жимах волчо элира: «Аьтту б1аьрг баьлла ярий иза?» — аьлла. Сан эмкал суначул дика кхарна йовзарехь, сайн эмкал кхарах кхетта моьтта суна.
Т1аккха кхиэл ян хуучу стага цу кхаа вешега хаттар дина:
— Аша х1ун олу? — аьлла. Воккхах волчу вашас жоп делла:
— Цуьнан эмкал ган а дера ца гина суна, амма цуьнан эмкал яйний, стенах хиира аьлча, эмкал нисса шен новкъа д1а ца йоьдуш, юьстахюьйлуш, яжа кхийдина меттиг яра. Оцу тидамах хиира суна, т1ехь да воцуш иза хилар.
Шолг1ачу вашас аьлла:
—  Эмкал б1аьрга а дера ца гина суна, амма цхьа бакъ ду, иза т1аьхьарчу аьрру когана астаг1 хилар хиира суна, х1унда аьлча, новкъа яьллачу меттехь хьалхарчу шина коган, т1аьхьарчу когех цхьана аьтту коган бен лар ца карайора суна. Цу тидамца хиира суна, иза т1аьхьарчу аьрру когана астаг1 хилар.
Кхоалг1чу вашас аьлла:
—  Х1окху стеган эмкал б1аьрга а дера ца гина суна, амма цуьнан аьтту б1аьрг балар суна хааран бахьана xlapa ду: даиманна а аьрру aгlop яжа кхийдаш яхарехь, цуьнан аьтту б1аьрг баьллийла хиира суна цу тидамца.
Кхеташонна хиинчу стага аьлла эмкалан дега:
—  Хьан эмкал кхара лачкъийна яц, хьайн эмкал кхечанхьа лаха еза ахьа, xlopш цхьа х1уманна тидам боккхуш, кхетам болуш нах хилла, цундела оьвзина кхарна хьан эмкал.
Эмкалан да д1авахана.

                                        IV
Цул т1аьхьа кхеташонна хиинчу стага хаттар дина кхаа вешега:
— Х1инца схьадийца шайн г1уллакх.
Воккхах волчу вашас д1адийцина шайн г1уллакх а, шайн дас дина весет а, т1орказ чохь шиъ бен шайна жовх1ар ца карадар а, шайлахь цхьаммо цхьа жовх1ар лачкъийний-техьа, аьлла, шаьш вовшех шекьхилар а. Иштта шега дийцича, оцу кхеташонна хууш волчу стага цаьрга аьлла:
— Аса цхьа хабар дуьйцур ду шуна, цул т1аьхьа хаттар а дийр ду, цунна аша жоп делча, шун г1уллакхана жоп лур ду аса.
Цо царна дийцина: «Дукха хенахь дуьйна цхьа к1ант а, йо1 а хилла вовшашка ч1ог1а безам болуш, вовшашна сов дукха дезаш. Иштта и шиъ доллушехь, оцу йоь1ан наха, йо1 кхечу махкарчу цхьана к1анте маре елла. Цул т1аьхьа, и йигинчохь, той а, ловзар а д1адирзинчул т1аьхьа, йо1 ялийначу к1антана, и йолчу ваханчу буса, йо1 г1ийла карийна. Цо цуьнга хаттар дина: «Хьо г1ийла х1унда ю? Хьо сох бала хилла йоьлхуш елахь, аса хьо ело юьгур ю хьайн бабин баьрчче», — аьлла.
Йо1а цуьнга аьлла: «Хьох бала хилла ца йоьлхура со, цхьана юьртахь дукха хенахь дуьйна суна т1е а хьийзина, суна иза а везаш, цунна со а езаш, цхьа к1ант вара сан. Аса сайн дагца ч1аг1о йинера сайн юкъах доллу доьхка цуьнга бен ца дастийта, цундела, и дагадеана г1елъеллера со».
К1анта цунна ч1аг1о йина: «Сайн нанас йинчу йишина санна, тешаме ву хьуна со, хьо и к1ант волчу д1а а юьгур ю аса», — аьлла.
«Суна хьарам хуьлда, цунна хьанал хуьлда хьо», — аьлла, йо1 шен говрана т1ехьа а хаийна, иза а эцна, к1ант вехачу шахьара а вахана, цуьнан к1ет1а йо1 охьа а йоссийна, к1ант ц1ехьа веана.
Яхана йо1 шена дукха везаш волу к1ант волчу чуяьлла. Шена езаш йолу йо1 маре яхар а хезна, г1ийла узам а беш, laш хилла к1ант, мерз-пондарх п1елг а бетташ. Яхана йо1 чуяьлча, сов ч1ог1а тамаша а бина, цу к1анта цуьнга хаттар дина:
— Хьо кхуза муха кхаьчна? — аьлла. Йо1а жоп делла:
— Иштта цхьана к1анте маре еллера со сан наха. И к1ант со йолчу чу вог1учу буса со г1ийла лаьтташ яйча, цо соьга хаттар дира: «Хьо г1ел х1унда елла», — аьлла. Т1аккха аса айса йина ч1аг1о цуьнга д1айийцира.
Цо соьга элира:
—  Хьайн нанас вина ваша санна, со тешаме ву хьуна, суна хьарам хуьлда хьо, оцу ахьа вуьйцуш волчу к1антана хьанал хуьлда хьо, — аьлла, яла а йина, хьан кет1а со охьа а йоссийна, к1ант ц1а вахара, со хьан чу еара.
Цу тайппана шега дийцича, оцу к1анта шен карарчу мерз-пондаран лерг а тесна, цу йоь1ан юкъах доллу доьхка, шен куьг цунах ца хьакхадолуьйтуш, схьа а даьстина, ша а, цо а йина ч1аг1о бакъьярхьама, цу йо1е аьлла:
—  Иштта шена хьо еззашехь, хьо суна ялаял, дика к1ант иза хилча, цул оьшуш к1ант со хилча, суна эхь ду. Хьо цунна юха д1а ца йигча, ер яц, — аьлла, йо1 а эцна, важа к1ант новкъа ваьлла.
Д1адоьдуш xlapa шиъ цхьана шахьара кхаьчча, йо1а к1анте аьлла:
— Xlapa ю-кха со маре еана шахьар. К1анта цуьнга аьлла:
— Хьуна хьо д1аяха хуур делахь, со ц1а гlyp вара, — аьлла. Хуур ду шена, йо1а а аьлла, к1ант ц1ехьа вирзина.
Ц1а йоьдуш йолчу йо1ана 1аьржачу буса веана, цхьа боьха зуламаш а, къолаш а деш, г1араваьлла хилла волу цхьа къу дуьхьалваьлла:
— Мича дала ели хьо суна, — аьлла.
Йо1а цунна д1адийцина, ша дуьххьара цхьана к1анте маре ялар а, ша цхьана к1антана цуьнга бен шен юкъахара доьхка ца дастийта йина ч1аг1о яра аьлча, нанас вина ваша санна, тешаме хилла, цу к1анта ша цунна д1а а йигина, д1аялар а. Шолг1ачу к1анта, иштта хьо шена ялаял, дика к1ант и хилча, цул оьшуш к1ант ша хилча, шена эхь ду, аьлла, ша а ялош, х1окху шахьара кхаччалц, схьа а веана, аьлла, дийцича, цу къуьно аьлла:
— Оцу шиннал вон к1ант со хилча, суна а ду эхь.
Тешаме ваша хилла, шен говрана т1ехьа а хаийна, йо1 ша дуьххьара яханчу к1ентан кет1а охьайоссийна цо.
Кхеташонна хууш волчу стага аьлла:
—  Аша кхаа вашас воккха-воккхачо хьалха а дуьйцуш, суна дийца, цу йо1ана оццул тешаме хиллачу кхаа к1антах дика к1ант муьлханирг хилла. Т1аккха аса жоп лур ду шун хаттарна.
Воккхах волчу вашас аьлла:
—  Оцу кхаа к1антах дика к1ант хета суна, дуьххьара, йо1 шена еза а езаш, дуккха а даьхний а дайина, ша ялийннашехь, вукху к1анта шена иза юхаялор юйла ца хуъушехь, и йо1 оцу к1антана д1айигинарг.
Цул жимах волчу вашас аьлла:
— Суна шолг1а к1ант дика хета, х1унда аьлча, берахь дуьйна схьа цу йо1ана ша т1ехьийзина воллушехь, и йо1 оцу к1антана цо юха д1айигарна.
Жимах волчу вашас аьлла:
— Оцу шимма къийсинарг-м шаьшшиннан яхь ю, оцу шиннал а дика к1ант хета суна кхоалг1а волу къу, х1унда аьлча, х1уъа дича а, эхь доцуш волчу цу къуьно, 1аьржачу буса нанас вина ваша санна, тешаме а хилла, йо1 д1айигина дела. Цундела къу дика к1ант хета суна.
Т1аккха кхеташонна хиъначу стага аьлла:
—  Воккхах волу ши ваша, ашшимма шаьшшинан цхьацца жовх1ар д1аэца, жимах волу ваша, хьан жовх1ар хьан кара д1акхаьчна, х1унда аьлча, къуьнан гlo лецира ахь. Хьо къу хилар гучудаьккхи ахьа, — иза а аьлла, дов д1ахадийна цо.

                                        * * *
Ша къу воцчу стага къуна гlo дийр дац.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru