Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Борз а, цхьогал а, н1аьна а

Цхьана лекхачу лаьмнашкахь, цхьа а ца 1ачу юькъачу хьаннашкахь, вовшах а кхетта, барзо а, цхьогало а, н1аьно а сацам бина, бах, цхьогало хьехар а дина, шахьар ян.
—  Муха ян еза и шахьар? Уггар хьалха х1ун дан деза вай? — аьлла, хаьттина барзой, н1аьной.
Цхьогало аьлла:
—  Барзо хьуьнахара дечиг дахьар ду, аса стигала к1ур оьхуьйтур бу, ткъа н1аьно 1уьйранна, кхойкхуш, массо а самавоккхур ву. Т1аккха нахана юккъехь, вай шахьар йиллина, аьлла, даьржар ду.
Шолг1ачу дийнахь борз хьуьнах яхана дечиг даккха, ткъа цхьогал, н1аьна схьалаца г1ерташ, цунна т1аьхьаяьлла. Н1аьна к1елхьараяьлла, амма цхьогалан багахь цуьнан ц1ога дисина.
Схьакхаьчна борз, мор буьззина дечиг а дахьаш. И охьа а тесна, д1ахьаьжча, дитта т1ехь н1аьна гина цунна ц1ога а доцуш.
— Ой, хьуна х1ун хилла? — аьлла, цецъяьлла борз.
Н1аьно хилларг дийцича, оьг1азъяхана борз, цхьогална т1е а кхетта, цуьнан хаза деха ц1ога схьадаьккхина. Цунах дедда к1елхьарадаьллачу цхьогало мохь тоьхна, боху:
— Вададай! Вай иштта вовшийн ц1оганаш ийзадахь, цкъа а шахьар йийр яц-кх вай! — аьлла.

Дехкий-доттаг1ий

Дукха хенахь дуьйна схьа гергарло лелош хилла шина дахкано, царах цхьаъ б1ов чохь 1аш хилла, ткъа важа лам т1ехь. Цкъа а вовшийн хьошалг1ахь ца хилла и шиъ.
Лам т1ехь Iaш болчу дахкан дама а, жижиг а, дум а, к1а а хилла, ткъа б1ов чохь 1ачуьнан бахам вуно ледара хилла.
Цхьана дийнахь, са а гаттаделла, лам т1ехь 1аш болчу дахкано ша болчу хьошалг1а кхайкхина хилла б1ов чохь 1ачу дахкане. Ч1ог1а хьошалла дина, яийна, малийна, совг1ат а дина, ц1а баха новкъа а баьккхина, д1абахийтина цо б1ов чуьра дахка. Ц1а а беана, ч1ог1а ойлане бахана и.
Цхьа хан-зама яьлча, б1ов чохь 1ачу дахкано ша йолчу хьошалг1а кхайкхина лам т1ехь Iaш болу дахка. Шен уьйт1ахь доттаг1 гича, х1усамнана-дахкано, могаш-парг1ат а хаьттина, цуьнан дахарх лаьцна хетта йолаелла. Цу хенахь уьйт1ахула цициг хилла д1адоьдуш. Эццахь х1усамненан даг чу ямартло тесна. Хьошалг1а беанчу дахкано хаытина:
— И х1ун экха ду? Цуьнан б1аьргаш сел ч1ог1а х1унда къега? — аьлла.
—   И  сан  марнана  ю,  яло  мараэккха  цунна,  —  аьлла,  хьехар  дина х1усамнана-дахкано.
И боккъалла а цуьнан марнана ю моьттуш, бахана мараиккхина хьошалг1а беана дахка. Б1аьрган нег1ар тохале, цициго и, хап-аьлла, д1акхаьллина.
Бедда бахана дахка лаьмнашка, цигахь карийна цунна шен доттаг1 хиллачу дехкан х1усам. Цуьнан бисина берриге а бахам цу дахкана кхаьчна. Цу чохь т1ек1ал а баьлла, laш хилла дахка.
Цхьана дийнахь, мацалла дар а делла, хьийзаш хилла цициг. Лелла-лелла уьйт1ахула, кхин кхалла х1ума а ца карийна, лома дахана и. Мерзачу дуьман хьожа а еъна, цициг цу aгlop, тебаш, т1едахара. 1уьрга чу дахча, цунна берстина батт1а боллуш дахка гина 1уьллуш. Т1екхетта схьа а лаьцна, д1акххаьллина цициго шен доттаг1чунна ямартло йина дахка.
Эрна аьлла ма дац: «Нахана даьккхинчу ор чу ша эккха».

Мохана аьлла баркалла

Цкъа мацах лаьтта бухахь 1а а даьккхина, б1аьсте т1ееъча, зингат шен бен чуьра арадала г1оьртина, амма цуьнан бен т1оьхула бецан хелиг хилла дижина 1уьллуш. Цо цуьнга аьлла:
— Д1адала сан бен т1ера, схьабеллийта соьга иза, бан безаш дуккха а болх бу сан.
Ткъа бецан хелиг меттах ца даьлла. Т1аккха зингат газа йолчу дахана.
—  Во, газа-гуьзалг, б1аьсте т1ееана, сайн бен схьабелла со г1оьртича, цу т1ехула дижина бецан хелиг ду, и д1акхалла яг1ахьара хьо.
—  Эх1, цига йог1учул сайна сийна буц а юуш, шийла шовда а муьйлуш, 1ийча тоьла суна.
— Хьо кхалла-м ас борз йоуьйтур ю хьуна.
—  Во, борз, аьлла, мохь тоьхна зингато, — сан бен т1ехула дижина бецан хелиг ду, д1адала аьлча а, д1адолуш а дац, и д1акхалла газа а ца йог1у, газа кхалла яг1ахьара хьо.
— Цига йог1учул, сайна берстина дуьмеш долу уьстаг1ий а дууш, 1ен яй со.
— Хьох лата-м ас жан-ж1аьлеш дохкуьйтур ма ду.
—  Во, жан-ж1аьлеш, — аьлла, мохь тоьхна зингато, бен т1ехула дижина 1уьллу бецан хелиг д1а ца долу, бецан хелиг кхалла газа ца йог1у, газа кхалла борз ца йог1у, барзах лата дуьйлийша.
Т1аккха жоп делла жан-ж1аьлеша:
— Цига дог1учул, тхайн 1уьно тесна даь1ахк а ц1убъеш, цо аьлларг а деш, 1ен дай тхо, ца дог1у тхо барзах лата.
— Шуна г1аж етта-м ас жа1у воуьйтур ву.
— Во, жа1у, бен т1ехула дижина 1уьллу бецан хелиг д1а ца долу, бецан хелиг д1акхалла газа ца йог1у, газа кхалла борз ца йог1у, барзах лата ж1аьлеш ца дог1у, царна г1аж етта волахьа.
— Цига вог1учул, сан дечиг-пондаран мерзах п1елг а тосуш, т1аьхьа г1ийла узам а балош Iep, г1оли хета суна.
— Хьан пондаран мерз хадо-м ас дахка боуьйтур бу хьуна.
— Во, дахка, сан бен т1ехула дижина бецан хелиг д1а ца долу, и д1акхалла газа а ца йог1у, газа кхалла борз ца йог1у, барзах лата ж1аьлеш а ца даьхки, ж1аьлешна г1аж етта жа1у а ца вог1у, жа1уьнан пондаран мерз хадо болахьа, — аьлла, дехар дина зингато дахке, амма дахка реза ца хуьлу, цо олу:
— Эх1, цига бог1учул х1окху 1уьргара оцу 1уьрга а эккхаш, 1ен бай со. Оьг1аз а дахана, зингато аьлла:
— Хьо кхалла-м ас цициг доуьйтур дуй-ца. Мохь тоьхна цициге:
— Во, цициг, бен т1ехула дижина долу бецан хелиг д1а ца долу, бецан хелиг кхалла газа а ца йог1у, газа кхалла борз ца еа суна, барзах лата ж1аьлеш а ца даьхки, ж1аьлешна г1аж етта жа1у а ца веа, жа1уьнан пондаран мерз хадо дахка ца бог1у, суна и д1акхалла долахьа.
— Цига дог1учул, сайн ненан меса-бедарш т1ехь1уьллур дай со.
— Хьан ненан меса-бедарш йовдо, ас мох боуьйтур бу хьуна.
Во, мох, хьо болахь орцах, цхьа бецан хелиг ду сан бен т1ехула дижина, д1адолуш а дац, и д1акхалла аьлча, газа ца йог1у, газа кхалла йолахьа аьлча, борз ца йог1у, барзах дата дуьйлийша аьлча, ж1аьлеш ца дог1у, ж1аьлешна г1аж етта волахьа, аьлла, дехар дича, жа1у а ца веа суна. Т1аккха жа1уьн пондаран мерз хадо дахка а ца беа, дахка кхалла цициг а ца дог1у, цициган ненан меса-бедарш йовдо болахьа.
Жоп делла т1аккха мохо:
— Собарделахь, хьаша новкъа а ваьккхина, ламазана корта а тоьхна, со д1абог1у хьуна, — аьлла.
Хьаькхира мох, шок тухуш, гира цицигана бог1у мох, д1ахьаьдира иза дахка кхалла; гира дахкана дог1у цициг, д1ахьаьдира иза жа1уьнан пондаран мерз хадо, оьг1аз а вахана, ж1аьлешна г1аж етта вахара жа1у. И вог1у гина ж1аьлеш барзах лата хьаьдира, борз газа кхалла яхара, газа бецан хелиг кхалла яхара, бецан хелиг лестира, дуьхьало ян г1оьртина, газано и чехка д1акхаьллира.
Бен маршабелира, массо а юхабирзира, зингат шен бена гонах хьаьвзира. Иза х1инца а мохана баркалла бохуш laш ду.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru