Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Безаман шовда

XIapa бакъ ду-дац, хьанна хаьа, амма наха дуьйцу, Шаройн лаьмнашкахь хьалхалерачу заман чохь вехаш-1аш хилла, боху, цхьа воккха стаг. Б1аьрса дайна хилла цуьнан. Цу стеган дукхе-дукха хаза йо1 хилла цуьнга хьоьжуш, чохь-арахь дан дезарг а деш. Дукха к1ентий хилла цу йо1ана т1ехьийзаш а, и йига лууш а, амма цо къастийна, цунна везаш цхьаъ вара, цундела цо захалонаш т1е ца дуьтура. Дукха хьалдолчу нехан к1ант т1аьхьаваьлла хилла цу йо1ана, и йига дагахь, амма йо1 цунна а реза ца хилла. Шен захало йо1а т1е ца лаьцча, и к1ант ч1ог1а оьг1аз а вахана, х1уъу а дина а, и ялор ма ю ша, аьлла, араваьлла. Леккха лаьмнашкахь 1аш йолчу г1ам-зудчуьнца барт хилла цуьнан и йо1 ядо. Хийла нехан барт бохийна хилла цу г1ам-зудчо, эладитанаш лелош. Шайн барт хиллачул т1аьхьа, г1ам-зудчо дийнахь а, буса а йо1 тергалъеш, цунна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш хилла.
Цхьана дийнахь шовдана йисте хи дан а, шена везачу к1антаца вовшахкхета а йоьдуш хилла йо1. Къайллах и тергал а йина, катоьхна схьа а лаьцна, ядийна г1ам-зудчо. Шовдана йисте йо1 ган цунна везаш волу к1ант а хилла говрахь вог1уш. К1антана геннара гина г1ам-зудчо ядийна хьош йолу йо1. Пори-г1оддах шед тоьхна, говр д1аэккхийтина, к1ант царна т1аьхьа ваьлла. Юхахьаьжначу г1ам-зудчунна шена т1аьхьакхуьуш воллу к1ант гина. Шен берриге а ницкъ гулбина, дукха сиха хьалаедда, Шаройн лома буьххье а яьлла, сада1а охьахиъна г1ам-зуда. Эццахь т1аьхьакхиинчу к1анта, динара кхоссавелла, схьалаьцна г1ам-зуда. Цо ша схьалоццушехь, теттина 1инах чукхоьссина зудчо йо1.
Чов хилла дарделлачу лоьман санна мохь-ц1ог1а делира к1ентан кийрара. Шаьлта тоьхна, г1ам-зуда кхоьссина д1а а дахийтина, йо1ана т1аьхьа 1ин чу иккхина к1ант.
Хилларг ла ца делла, 1алам тохаделира, 1аьржа мархаш вовшахтасаелира. Кхоьвссина дог1а доладелира. Лаьмнаш т1ера хин 1овраш охьахьаьлхира.
Т1аккха, дукха хан ялале, мархаш д1асаяьржира, дог1а сецира, малх хьаьжира, дуьне серладелира.
Цхьана боккхачу чхар к1елахь тата делира, латта дуса а делла, цу чуьра араиккхира шовда. Д1асакхоссаделла, ницкъах дуьзина, шен го к1арг а бина, шор а бина, эшаран г1овг1анца охьахьаьдира хи.
Йо1 ц1а ян хьеелча, даго вониг хьоьхуш, кхин 1а а ца велла, б1аьрзе да шен йо1 лаха араваьлла. Хьалха Iaca луьйзуш, йо1е кхойкхуш воьдура воккха стаг. Цунна жоп луш санна, г1овг1а алсамъяьккхира шов дано. И г1овг1а хезачу arlop вахара да. Шовдана т1е ша кхаьчча, к1ад а велла, сада1а охьалахвелира и.
— Ва, дела, сан йо1 мичахь ю-те, х1ун хилла-те цунна? — бохуш, синош дохура холчух1оытинчу йоь1ан дас.
Цу дешнашна дуьхьал шовданан г1овг1анца схьахезара йоь1ан узарш.
Хи мала, шовданан хи мала, — шега бохуш санна хийтира дена. Охьа а таь1на, канаш чохь хи а эцна, д1амелира цо. Щеххьана шен дег1е ницкъ бог1уш хааделира цунна. Ша къонвелча санна, хийтира воккхачу стагана.
Юха, цхьаммо шега гlo доьхуш санна, хийтира цунна. Ша б1аьрзе хилар диц а делла, мила ву-те иза, аьлла, д1авирзира йоь1ан да, аз хезачу аг1орхьа. Б1аьргаш т1ера пардо д1адоккхуш санна, т1еда ши куьг хьаькхира цо б1аьргех — са гира цунна.
Шовдан чу хьаьжира воккха стаг: шовда схьадолучу меттахь, хи бухахь, вовшах а хьаьрчина, Гуьллуш шен йо1 а, цунна везаш хилла к!ант а гира цунна. Цу шинна гена йоццуш, г1ам-зуда а 1уьллура. Кхузахь хиллачух кхийтира йоь1ан да. Шен йоь1ан а, цу к1ентан а декъий схьа а даьхна, цхьана каш чу д1адоьллира цо. Ткъа г1ам-зудчуьнан дакъа, гена лам чу д1а а дихьина, цхьанна а ца гучу д1адоьллира воккхачу стага.
Цу хенахь дуьйна цу шовданах безаман шовда, аьлла, ц1е тиллира шовданан йисте бог1учу кегийчу наха.
Наха дуьйцу, Шара-Органан г1овг1ане эшарехь ши аз ду хезаш, бохуш: йоь1ан хаза, ц1ена, зоьвне аз а, доьналлех дуьзина, гlopгla к1ентан аз а.
Суна а хезна и аьзнаш, хьо ца тешахь, ваха а г1ой, ахьа а ладог1а.

Ирс юхадерзар

Цхьана наха нускал далийна хилла. Буса сахиллалц сакъоьруш 1ийна уьш. Сатосуш, марда уьйт1а ваьлла, уьйт1ахь цунна шайн ц1енош чуьра д1айоьду лар гина. Цу лорах xlapa д1авоьдуш, генна хьалха д1авоьдучу стеган сурт гина цунна. Воккхачу стага, собар дахьара, аьлла, дехар дина. Воккха стаг лерина, цуьнан дехар кхочушдина вукхо. Т1евеанчу воккхачу стага сецначуьнга хаьттина:
— Хьо мила ву? — аьлла.
Цо жоп делла, шун ц1ен т1ера д1адахана Ирс ду ша, аьлла. Т1аккха воккхачу стага дехар дина, юхадерзахьара хьо шен ц1ен т1е, аьлла.
—  Х1ан-х1ан, — аьлла Ирсо, — хьан уьйт1ахь, хьан ц1ен т1ехь со оьшуш цхьа а вац, цундела со а дитий, д1аг1о, амма хьо суна т1аьхьа варна, аса цхьа дика дийр ду хьуна.
Ойла а йина, воккхачу стага аьлла:
— Д1а ма г1олахь кхузара, со схьаваллалц, ц1ерачарах дагавала воллу со. Ирс резахилира и схьаваллалц собарда. Ц1а а веъна, ма дарра дерриге а д1а а
дийцина, воккхачу стага шен зудчуьнга хаьттина, х1ун дика дайта луур дара цунна, зудчо шена баккхий бахамаш хуьлийла лаьа, аьлла, жоп делла. Т1аккха воккхачу стага шен йо1е хаьттина, х1ун дика дайта луур дара цунна, йо1а шена хаз-хаза, ез-еза т1еюху х1уманаш хуьлийла лаьа, аьлла. Т1аьххьара а хГинцца ялийначу несе хаьттина мардас, х1ун дика дайта луур дара цунна, несо шена массо а х1уманал дукха вайн доьзалехь барт хуьлийла лаьа, аьлла.
Массаьрга ла а доьг1на, воккхачу стага, Ирс долчу а вахана, дехар дина, шен доьзалехь барт хуьлийла лаьа шена, аьлла.
Т1аккха Ирсо аьлла:
— Делла дош кхочушдан деза. Аса барт ло-кха шун доьзална. Барт болчохь со а хила деза. Барт боцчохь, ирс а ца хуьлу.
Воккха стаг а, Ирс а цхьаьна цуьнан ц1а бирзира.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru