Доьзалехь барт зударий бахьанехь буху
Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-1аш хилла зударий а балийна вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн марзо а оыгуш, бертахь Iaш хилла кхо ваша.
Цкъа цхьана дийнахь воккхах волчу вашас шен зудчунна хьалха дозалла дина:
— Тхо санна барт а болуш, цкъа а юккъехь дар-дацар а ца хуьлуш, цхьана кертахь, цхьа бахам а болуш, х1окху дуьненахь вежарий буй-те?! — аьлла.
Ла а доьг1на, зудчо цуьнга аьлла:
— Шуна юккъехь болу барт, шу иштта ч1ог1а дика вежарий долу дела бац хьуна, хьо дукха вахарг. Оха, шун зударша, шуна вовшашца дов даккха бахьана ца ло дела ду хьуна. Шун цхьана дийнахь барт хир бацара-кх, тхуна лиънехьара!
— И х1ун ду ахьа дуьйцург?! Зударша бохор бара тхуна юккъера барт?! Кхин, хьо елла д1аяллалц, цкъа а ма далийталахь хьайн багара и санна дерг! — элира дукха ч1ог1а оьг1азваханчу х1усамдас.
Кхин цунах дош ала яхьа а ца яьхна, йист а ца хуьлуш, араяьлла зуда, хуур ду вайна, бакъ мила лоь, бохург, дагахь а долуш.
Дукха хан ялале, жимах волчу вашас, ша жа т1ера вог1уш, шеца Iaxap балийна. Цунна урс а хьаькхна, и тила а бина, жижигах кхо дакъа кечдина цо.
Тоьлаш долу дакъа а, цу т1е биллина корта а шен воккхах волчу вешина дахьийтина цо.
Жижиг схьадеъча, воккхах волчу вешин зудчунна цу юккъехь хьалхара гloгl гина.
— Х1инца хуур ду вайна, бакъ мила ву! — ша-шега а аьлла, жижиг т1ехь долу шун д1а а тоттуш, шен х1усамдега йистхилла зуда:
— Хьалхарчуй, т1ехьарчуй г1ог1ашна юккъехь башха йоккха башхалла яцахь а, делахь а, хьо ваккхах волу ваша хиларна, хьан вашас хьуна т1ехьара гloгl даийта дезара. Х1инццалц хьоьца и дийца аьтто ца баьлла сан, амма дукха хан ю аса цуьнан тидам бина: хьан вежарша хьо, лара ма веззара, ца лору, хьо ле а во, — аьлла.
Зудчо дуьйцург, цхьа «нун» долуш х1ума дуйла, коьрте а ца дог1уш, воккхах волу ваша ч1ог1а оьг1азвахана шен вежаршна.
Ша волчу ши ваша схьа а кхайкхина, цо аьлла цаьрга:
— Х1инццалц схьа ашшиммо левеш хилла со, цундела, х1инццалц ма Iappa, суна шуьца 1ан ца лаьа, со сайна вала воллу, — аьлла.
Шайн ден хилла бахам кхаа декъе бекъархьама, цо моллега а, ц1ийнан хьахарчу баккхийчу нахе а ша волчу кхайкхира.
Х1усамнанас, шен марвашас даийтина долу жижиг а тесна, галнаш а йина, уьш хьешашна хьалха а х1иттийна, цхьа-ши дош ала пурба лахьара, аьлла, дехар дира цаьрга. Цара пурба делира. Зудчо цаьрга элира:
— Шух эхь-бехк дала лоьрийла, цкъа кху чуьрачо, суна хьалха дозалла деш, элира, шаьш ч1ог1а дика вежарий ду, и гучудолу шаьш цхьана кертахь, цхьа бахам а болуш, бертахь 1аш хиларца, аьлла. Майра а яьлла, аса цуьнга элира, шуна юккъехь барт оха, шун зударша, латтош бу, аьлла, цунна xlapa реза ца хилира. Цо соьга кхин цкъа а и санна дерг багах ма даккхалахь, элира. Цо бохург ца дича а ца яьлла, со йист а ца хуьлуш, 1ад1ийра, амма, аса и ишта дуйла хьуна хоуьйтур ду, аьлла, ойла хилира сан. И кхочушъя меттиг а белира. Цкъа жа т1ера ц1а вог1учу кхуьнан жимах волчу вашас Iaxap балийра. Цунна урс а хьаькхина, и тила а бина, цунах кхо дакъа а дина, даиманна санна, тоьлаш долу дакъа цо тхуна даийтира, цу т1е корта а биллина. Жижигана юккъехь 1ахаран хьалхара гloгl а гина, аса х1окхуьнга элира, хьан вашас, хьо ца лоруш, хьуна 1ахаран хьалхара дакъа даийтина, шена т1ехьара, тоьлашдерг а дуьтуш, аьлла. Х1окхунна и тоьира, шен вежаршца доьвне вала а, ден бахам бекъа шуьга кхайкха а.
Цунах гучу ца долу, — элира цо, хьешашка а йоьрзуш, — со нийса хиллийла, айса х1окхуьнга шуна юккъехь барт латтош дерш тхо, шун зударий, ду, аьлча, — чекхдаьккхира цо шен къамел.
— Цу т1ехь хьо бакъ лоь, — аьлла, т1етайра хьеший.
Юьхь1аьржа а х1оьттина, хьеший д1а а бахийтина, шен вежаршца тайна воккхах волу ваша. Цу хенахь дуьйна, цкъа а дар-дацар ца хуьлуш, бертахь баха хоьвшина уьш.
Цахилларг къовсар
Цахилларг, хилла бохуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хьеран да, хьалдолу стаг. Цахилларг, хилла олий, къовса а къовсий, къечу, мискачу нахера цхьацца гирда хьаьжк1аш йохуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжк1аш ахьа веана цхьа миска нохчо.
Хьеран дас цуьнга аьлла:
— Цхьацца гирда хьаьжк1аш а яхкий, къовса вайша, цахилларг хилла алий, муьлха тоьла хьажа.
— Къовса дера, — резахилла миска стаг.
Хьалха дийца воьлла хьолада, цахилларг хилла, бохуш, бакъдина:
— Башха дика кхобуш цхьа котам яра сан. Цхьана дийнахь котам ц1а чу а йоьллина, ваьлла г1уллакхе вахара со. Шолг1ачу дийнахь, ц1а ма веъанехь, айса котам чохь йитинчу ц1а чу хьаьжира со. Тамашийна х1ума гира сан б1аьргашна: чоь юьззина xloaш а дина, арахула, к1ур хьалаболучу туьнкалгана т1е а хиина, Iaш яра сан котам. Х1ун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой а гулбина, баьхьаца хьаьккхина ара а дахийтина, х1оаш ара волавелира со. Оцу х1оиэх керт юьззина котамаш а, борг1алш а йоьвлира суна. Т1аккха оьг1азваханчу аса, цхьа беха сара кара а эцна, кертахула д1а-схьа лелхийра уьш. Цул т1аьхьа и ерриге а котамаш а, борг1алш а, цхьа котаммий, цхьа борг1аллий хилла, д1ах1иттира.
Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
— Иза ду-кх сан цахилларг.
— Делахь дика ду, — аьлла къечу стага, — х1инца ас дуьйцур ду хьуна, ахьа ладог1алахь.
Йоккха мазлаг1а яра сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхар-мозашна юкъахь ерриге а мазлаг1ана ха деш, иза ларъеш, цхьа боккха эла накхар-моза бара. Мича баха а ца хууш, т1апъаьлла бахана байра и эла накхар-моза.
Иза кароза 1ийр ма вац, аьлла, ц1ера ваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-зама яьлча, суна хезира, сайн накхар-мозийн эла цхьана генна меттехь лелаш бу, аьлла. Цига вахара со. Лелааш, вахана оцу метте д1акхаьчча, ялх стуца готанна д1а а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а яийна, латта охуш лелош карийра суна сайн накхар-мозийн эла.
Стерчашца охана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн эла накхар-моза парг1ат а баьккхина, иза а балош ц1а а веана, нахе хаьттира аса:
— XIoкxy накхар-мозийн элан яийна ворта муха талур яра-техьа? — аьлла. Хьекъал долчу наха суна жоп делира:
— Б1аран т1амарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул т1аьхьа лазийначу вортан т1е дилла-уггаре а дика дарба ду хьуна и.
T1e хьакхар а тоьхна, лерина хьийна б1арийн т1амарш а кечйина, уьш накхар-мозийн элан яийначу вортан т1е ехкира аса. Иза а дина, буьйсанна вахана д1авижира со. 1уйранна, х1ун хьал ду-техьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, суна гира цхьа инзаре тамашийна х1ума: накхар-мозийн элан вортан т1е даьлла лаьтташ доккха б1аран дитт дара, т1ехь б1араш а долуш.
Цхьажимма б1араш эго дагахь, дитта т1е г1орза кхоьссира аса, иза, хьаьлакхоьссинчохь, дитта т1ехь йисира, охьа а ца йог1уш. Лаьттан г1орзанах дийнна цхьа лаьттан ape-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца волуш.
Ялх сту а боьжна, кхаа дийнахь охана дира аса цу арахь. Т1аккха цу т1е хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, х1ун хьал ду-техьа цаьргахь, аьлла, хьаьжира со. Сайн кха т1ехь дика хьийкъина хорбазаш а, 1аламат йоккха цхьа паста а карийра суна.
Х1уъу а дича а, паста ц1а а ца яелла, тур детташ юккъехула ши ах йира аса пастанах.
Пастанан ши ах д1аеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра аралилхира цхьа пхьагал а, цунна т1аьххье дуккха а таллархой а. Т1аккха д1а чу кхоссавеллачу ас пхьагална диг туьйхира. Кхераеллачу пхьагало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу т1е хьаьжначу суна йоза гира: «Хьаьжк1ийн гирда мискачу стагана бог1у», аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьолада къера хилла ша эшорна.
Мискачу стага ши гирда хьаьжк1аш яьхна.