Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Турпалхо Тинин Вуьсу

Нохчийчохь, дуккха а б1е шераш хьалха, ц1е яххана хьуьнар долуш, майра к1ант хилла Тинин во1 Вуьсу. Тинин да 1абдулмолкх Нашхахь ваьхна. Цуьнан во1 Тина шен к1антаца Вуьсица Ц1онтара охьавеана ваха.
Вуьсу майра к1ант хиларал совнаха, ч1ог1а куц долуш, хаза к1ант а хилла, нахана дукха а везаш, лара а лоруш.
Ламанца уггаре а лекхачу меттехь, «Борз yгly корта» олучохь, вехаш хилла иза.
Вуьсин кхин ялх ваша а, Селасат ц1е йолуш нана а хилла. Тайпана ц1онтаро хилла Вуьсг1ар.
Цу заман чохь адамаш к1езиг хиларна, маь1-маь1нехь, шайна бахарна аьтто бол-болчохь баьхна.
«Кхире» олучу меттехь дехаш хилла кхин ворх1 ваший, церан цхьа йиший. Уьш цигахь бехаш хилар хааделлачу цхьана наьрт-орстхочо вахана, тоьхна ворх1 ваша а вийна, царна т1ера ц1окарчий а яьхна, ворх1 вешин йиша, шена зуда а йина, д1айигна.
Охьавуьжуш, ша йигинчу йо1е наьрт-орстхочо аьлла:
—  Цкъа охьавижча, цхьана к1иранах наб кхетий 1уьллу со. Наб а йина, со самавалале, х1окху хьайн вежарийн ц1оканех суна бекх1 елахь.
Шен байинчу вежаршна йоьлхуш, екаш лелачу йишин ч1ог1а дог карзахдаьлла, х1ун дийр ду ца хууш. Цунна б1арз а елла, наьрт-орстхо охьа а вижийтина, цхьа х1ума хууш йолчу Жоьра-Баба йолчу яхана йо1, цунах дагаяла. Яхана д1а ма кхеччинехь, Жоьра-Бабега дийцина йо1а:
—  Шен вежарий байина мостаг1а ву цхьа наьртхо, сан вежаршна т1ера яьхначу ц1окарчех, ша хьалаг1аттале, шена кетар яр суна т1е а диллина, охьа а вижна и. Иза аса кхочуш ца дича, наьрто йьйр ю со, кхочушда йолахь, дог а иккхина, лийр ю со, х1ун дича бакъахь дара аса? Цу балех муха ер яра со? Хьайн йо1ана ден долу гlo дахьара, аьлла, хьоьга дехаре еана со!
Жоьра-Бабас, ойла а йина, хьехар дина:
—  Борз уг1учу коьртехь вехаш ворх1 ваша ву, шайлахь воккхах волу ваша Вуьсу, наьрт-орстхойн санна, ницкъ болуш а волуш. Царна т1ехьажаве ахьа наьртхо, цигара дийна вухавог1ур вац хьуна иза.  Ахьа цуьнга ала:  Тинин Вуьсин мекхан чо боцуш маха а латац, цуьнан ненан Селасатан тукарций бен сан вежарийн ц1оканаш а яралур яц. Вуьсг1ар вуьйр ву хьуна наьрт-орстхо.
Ша вижина к1ира ма кхеччинехь, наьрт-орстхочо самаволлушехь, йо1е хаытина:
— Йина яьллий хьо сан бекх? — аьлла.
Йо1а шена йоккхачу стага ма хьеххара жоп делла:
—  Борз угГучу коьртехь вехаш волчу Вуьсин мекхан чо ца хилча, маха латац, цуьнан ненан Селасатан тукарций бен, ц1окарчий яралац. Уьш яхьаш ваг1ахьара хьо. Т1аккха йийр яра аса хьуна кетар,— аьлла.
Наьрт-орстхо, йо1а шега ма дийццара, цунах а тешна, Вуьсу вехачу метте вахана.
Цу заман чохь Вуьсу хилла, шен жимах волу ваша г1ароле а х1оттийна, вукху вежаршца ниха а муьйлуш, сакъоьруш Iaш.
Boг1yш волу наьрт-орстхо гергакхочуш б1аьрг кхетча, г1аролехь лаьттачу жимах волчу вашас, вахана чу а иккхина, Вуьсега аьлла:
— Цхьа зоьртала стаг ву вог1уш, чувоуьйту иза я тоьхна юхаверзаво? Вуьсус аьлла:
— Хьайга цо хаьттинчунна дуьхьал жоп а ца луш, мозанал башха тергал а ца веш, вита, чу а ваийта.
Веана т1екхаьчначу наьрт-орстхочо салам делла. Г1аролехь лаьттачу к1анта тергал а ца веш, букъ а тоьхна, витина.
Наьрт-орстхо чувахана. Ша чу ма веллинехь, чуьрчаьрга а салам делла наьрт-орстхочо. Бела а буьйлуш, шайн ниха а муьйлуш, сакъоьруш 1аш болчу. Бухарчара а, шайна х1умма а ца гуш, ца хезаш санна, бист а ца хуьлуш, тергал ца веш, витина иза.
Бухахь болчара бист а ца хуьлуш, ша тергал а ца веш кеп х1оттийча, резавоцчу наьрт-орстхочо бехк баьккхина цаьрга:
— Шу санна адам дара со, шайга салам делча, ша тергал а ма ца во, салам д1а а ма ца оьцу аша!? — аьлла.
Т1аккха хьалаг1аьттинчу Вуьсус аьлла:
— Бехк ма биллалахь тхуна, хьо ца гуш Iapa тхо, цхьа моза-х1ума еана хир ю-кх кху чу, бохуш. Тхо хьовса, х1ун г1уллакх дара хьан? Наьрт-орстхочо ша т1едеана г1уллакх д1адийцина:
—  Цхьа кетар йойтуш воллура со, Вуьсин мекхан чо ца хилча, ц1оканех маха ца лета, цуьнан ненан Селасатан тукар ца хилча, яра а ца ло, уьш эшна араваьллера со, — аьлла.
Вуьсус шен жимах волчу веше аьлла:
— Хьадал, г1ой, вайн нене алал, кхо бохург, цо х1ун олу хьажал!
Ваханчу к1анта, Вуьсус ма аллара, шайн нене д1ааьлла, наьрт-орстхочо бохург.
Селасата жоп делла:
—  Хаьнг-хьаьнга а мерк1елхьара чоьш дохуьйтуш хиллехьара, сан к1ентан мекхаш а хир дацара, дех-дехначуьнга луш хиллехьара, сан тукаран гаьннаш артделла а хир дара, боху, ала цуьнга, — аьлла, к1ант юхаваийтина.
Дехьа чу а вахана, к1анта иза, наьрт-орстхо а волуш, д1ааьлла. Царна ч1ог1а оьг1аз а вахана, дарвеллачу наьрт-орстхочо Вуьсига аьлла:
—  Тахана дуьйна ворх1 де даьлча, д1о басарчу бай т1е сох лата вола, со цигахь вижина хир ву хьуна.
Иза а аьлла, ц1а а вахана, ворх1 вешин йиша, шен зуда а эцна, цу бай т1е охьавижна иза, ворх1алг1ачу дийнахь ша самаваккха а аьлла.
Цо йиллина хан кхаччалц, 1а а ца велла, кхо де ма деллинехь, йиллинчу метте вахана Вуьсу. Вижина 1уьллу наьрт-орстхо гича, цунна уллохь йижина 1уьллучу ворх1 вешин йише, наьрт-орстхо самаваьлча, ша самаваккха а аьлла, цунна улло, бай т1е охьавижина Вуьсу.
Ворх1алг1ачу дийнахь самаваьллачу наьрт-орстхочунна шена уллохь дижина 1уьллуш цхьа адам гина. Цунах цецваьллачу кхо, йо1е хаытина:
— XIapa мила ву? — аьлла.
Йо1а, Тинин Вуьсу ву, аьлла, жоп делла.
Шена улло а веана, парг1ат охьавижа ваьхьначу Вуьсел ша тоьлур вац, аьлла, кхеравелла наьрт-орстхо, хьалаиккхина ведда.
Йо1а сихха самаваьккхина Вуьсу. Д1а т1аьхьа хьаьддачу Вуьсус, шен зилбухар-тур а диттина, вийна наьрт-орстхо.
Иза вен а вийна, йо1е:
— T1e адам деъча, ша самаваккхалахь, — аьлла, юха а охьавижна Вуьсу. Вуьсу д1авижина дукха хан ялале, веана, йо1е:
—  Хьуьллахула замой гучубоьвлча, ша самаваккхалахь, — аьлла, к1ора санна 1аьржа цхьа стаг вижна Вуьсина улло.
Мацца а самаваьллачу Вуьсина шена гена воцуш вижина 1уьллуш стаг гина. Ша ларвеш 1ачу ворх1 вешин йише хаьттина Вуьсус:
— XIapa х1ун адам ду? — аьлла.
Йо1а, 1аьржачу стага шега ма аллара, д1адийцина. Т1аккха Вуьсу юха а д1авижина, айхьа иза самавоккхуш, со а ваккхалахь сама, йо1е а аьлла. Дукха хан ялале, новкъа схьабог1у замой гучубоьвлла. Йо1а чехкка 1аьржа стаг самаваьккхина. Ша самаволлушехь, оцу бог1учарна юкъа иккхина 1аьржа стаг, карахь даьккхина тур а долуш. Ша самаволлушехь, хьалаиккхина царна юкъа хьаьдда Вуьсу а.
Зуда ялош богГучу замошна юкъа иккхинчу Вуьсус, тур диттина, х1аллакбина уып. Цара дало нускал а, хьалха хиина йог1у г1арбаш а схьаяьккхина цо.
Самаваьлча, оцу т1евеанчу 1аьржачу стага бехк баьккхина Вуьсега:
—  Дакъаза ма вала хьо, ма дин делира ахьа суна иппта гlo. XIapa, соьца нускал къуьйсуш болу замой, кхузза бохийна аса, хьо санна цхьацца юкъа а эккхий, г1уллакх дохош. XIapa йо1 сайн хьуьнарца ца яьккхина аса. Х1инца хьайна йита xlapa.
Вуьсус 1аьржачу стаге аьлла:
—  Хьо суна улло а веана, охьавижнера, цундела сан хьаша ларало. Хьуна г1одархьама дара сан, хьайн мостаг1ашца ахьа бечу т1амна юкъа вахар. Хьайн нускал а эций, д1аг1о хьо!
—  Йига йиш яц сан. Аса йина ч1аг1о чекх ца ели сан, — аьлла, и зуда а йитина, д1авахана 1аьржа стаг.
Т1амца яьккхина хаза йо1 а, цуьнан г1арбаш а, хьалха наьрт-орстхо а вийна, цуьнгара яьккхина ворх1 вешин йиша а ялош, ц1а вахана Вуьсу.
Ц1а ма кхеччинехь, ворх1 вешин йиша шел жимах волчу вешина а йитина, элан йо1 а, г1арбаш а шена йитина цо. Цул т1аьхьа шен вукху вежаршна а зударий балийна Вуьсас. Уып бертахь баха хоьвшина.
Цхьа зама яьллачу хенахь, вежарийн х1оранна а доьзалш кхиа боьлча махкана парг1ато а езна, гондахьа маь1-маь1не ярташ а ехкина, баха хоьвшина уьш.
Вуьсу Ц1онтарахь вехаш висина, воккхах волу ваша хиларе терра. Цул жимах верг, Эрсана-коьрта вахана, кхоалг1аниг — Гур-дукъахь ваха хиъна, воьалг1а ваша — Энгана-дукъахь ваха хууш, иштта д1айсхьай баьржина, керла мехкаш схьа а лаьцна, баха хоьвшина Вуьсий, цуьнан вежарий.
Вуьсин шина зудчо, элан йо1а, Эжий, Тезий ц1ераш йолуш ши к1ант вина, ткъа г1арбаша — 1аьлбиг ц1е йолу к1ант вина. 1аьлбиг дег1ана эг1аза а, астаг1а а хилла боху. Дена къахеташ хилла цунах.
Хан зама яьлча, Вуьсу воккха хилла. Ша дийна воллушехь, шен к1ентий, цхьаццанхьа меттигаш а лаьцна, баха ховшийна цо.
Воккхах волу к1ант, Эжа, Щонтарахь витина. Теза, х1инца — Тезакхаьлла йолчу хаийна, ткъа 1аьлбиг, Эжиний, Тезиний юккъе ваха хаийна, х1инца 1аьлбиг-эвла олучу метте. Иза кхечу нанас вина хиларна, цунах къинхетам беш.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru