Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

ГIарагIули а, цхьогал а

Юххехь Iap-дахар нисделла г1араг1улин а, цхьогалан а. Дика лулахой а хилла laш хилла уьш. Г1араг1ули, шена бен а бина, xloaш т1е хиъна. Хан-зама яьлча, к1орнеш даьхна цо. Цхьогало а к1езий дина. XIop 1уьйранна г1араг1ули сатоссуш ижу лаха йоьдура, ткъа цхьогал ц1ахь дуьсура, цуьнан а, шен а берашка а хьожуш, дан дезарг а деш.
Г1араг1ули д1а ма яхханехь, цхьогало г1араг1улин к1орни схьа а лаьцна, корта а хьовзийна, ур-атталла цхьа даь1ахк а ца юьтуш, д1акхаьллира. Г1араг1ули ц1а еъча, доьхна хьоьвзира цхьогал:
— Ва, г1араг1ули, ма ч1ог1а вон деъна-кх вайга! — элира цо.
— Х1ун хилла? — хаьттина г1араг1улино.
—  Вайн цхьа бер дайна, мича дахана а ца хууш. Аса массо а меттахь лийхира и, суна цхьаннахьа а ца карийра.
— Хьенан к1орни дайна? — хаьттира г1араг1улино.
— Ой, вайниг дайна-кх, вайниг, — элира цхьогало.
— Хьайниг дайна я сайниг дайна?
— Еха ворта а, еха настарш а йолуш дерг дайна.
Кхийтира г1араг1ули шен к1орни дайний. Цхьогал дукха чог1а холчух1оьттина хьоьвзича, г1араг1улино элира:
—   Са ма гаттаде, хилларг хилла даьлла, иштта яздина хилла-кх вайн к1орнина.
— И бакъ ду, — т1етайра цхьогал, — иштта кхоллам хилла-кх цуьнан. Шолг1ачу  дийнахь  г1араг1ули  юха  а  1уьйранна  ижу  лаха яхана,  ткъа
цхьогало, сихха схьалаьцна, д1акхаьллира г1араг1улин шолг1а к1орни а. Г1араг1ули ц1а еъча, ч1ог1а йоьхна, холчух1оьттина, делхха йоллуш, дуьхьал а даьлла, хаам бира цхьогало, к1орни дайна, аьлла. Г1араг1улина хиъна, юха а шен к1орни дайний, холчух1оттарх к1орни юхадерзалур дац, бохуш, цхьогал тедан г1ертара и.
— Массо а х1уманна делан лаам бу-кх, — элира цо.
— И бакъ ду, — т1етайра цхьогал. — Делан лаамца къиссалур дац. Т1оьхула моттарг1анаш а лелош, г1араг1улин к1орнеш дайна, шена ч1ог1а
халахетта кеп а х1иттош, къайллах, г1араг1улех цадешаш, делакъежара цхьогал.
Масех де даьлча, массо а г1араг1улин к1орни йиина делира цхьогал. Х1инца, г1араг1ули кара муха йог1ур яра-те, бохуш, ойла йора цо, и кхочушдан аьтто а лоьхура цо.
Цхьана дийнахь г1араг1улино цхьогале аьлла:
— Хьажахь, цхьогал, сан массо а к1орни дайна, ткъа хьан к1езий, шайна ижу а лоьхуш, даккхий хилла. Вайшиъ х1ун деш 1а чу а хиина? Цхьажимма дуьнене б1аьрг тоха яха еза вайшиъ, дуккха а хаза х1уманаш гур ду вайна.
— Стенга гlyp ду вай? — хаьттира цхьогало.
— Стигала хьаладоьвр ду вай, — жоп делира г1араг1улино. Г1аддаххана деладелира цхьогал:
— Ой, со хьала муха долу стигала? Сан т1емаш ма дац.
— Хьан цахиларх, сан ма ду, — аьлла г1араг1улино. — TIexaa суна, цхьаьна стигала хьаладоьвр ду вай!
Дукхе-дукха хазахетта, т1етайра цхьогал цо бохучунна: ч1ог1а лаьара цунна, стиглахь х1ун ду хаа. Г1араг1улина цхьогал т1е ма хиъинехь, цо шен деха т1емаш д1аса а даржийна, и шиъ стигала хьаладаьлла. Вуно лакха хьала а яхана, цигахь хаьрццина т1ек1алъяьлла г1араг1ули. Цунна т1ехь долу цхьогал, хеца а делла, охьадог1уш хилла. Цунна улло а еана йог1учу г1араг1улино хаьттина:
— Цхьогал, во, цхьогал, х1ун гира хьуна стиглахь? — алла.
—  Э-э-э, г1араг1ули, — жоп делла цхьогало, — стиглахь дуккха а хаза х1умнаш дара, амма цхьаъ вон ду — схьалаца, тасадала х1ума яц цигахь!
— Ахь х1ун дуьйцу! — аьлла г1араг1улино. — Х1ун дийр ду т1аккха, массо а х1уманна а делан лаам бу-кх! Делан лаамца къиссалур дац. Далла диначунна реза ду-кх!
Цхьогал лаьттах а кхетта, делла.
Иштта бекхам бина г1араг1илино шена тешнабехк биначу цхьогална.

Борз а, къена ка а

Жа юккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши Iaxap. Жа гена даьлча, уьш тергалдеш 1аш йолчу мецачу борзо, ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха ц1ий т1е а мелла, хьун луьста йолчу д1ата1а йоьдуш хилла борз. Хьуьнан йистехь, бай т1ехь бежаш цхьа къена ка гина цунна. Цунна т1е а яхана, барзо аьлла:
—  Хе-е-е, ка, xlapa бай сан буйла ца хаьа хьуна, кхузахь бажа бакъо хьан елла хьуна?
— Xlapa бай хьан бац, сан жа1ун бу, — меллаша жоп делира кано.
— Хьо харц лоь! — чуьрайаьлла мохь хьаькхира барзо. — Хьан жа1у дуьнен т1е а валаза вара, xlapa бай сан долахь болуш.
—  И бакъ дац, — сих а ца луш, юха а меллаша элира кано. — Суна дика хаьа xlapa бай сан жа1ун буй!
Дукха оьг1азъяханчу барзана б1аьрга ц1ий хьоьвзира, катоьхна и бел, делахь а, ша юьзина йолу дела, и а ца деш, мохь-ц1ог1а а тоьхна, 1ад1ийра борз, кханналц буьтур аса xlapa, ткъа кхана, со мацъелча, бе а бийна, буур бу, аьлла, сацам бира цо.
—  Вайшимма х1ун дийр дуй, ка, — элира барзо, — Вайшиммо къийсарх, цкъа а къаьстар дац, xlapa бай хьенан бу: ахьа и жа1ун бу, бохур ду, аса и сайн бу, бохур ду, — цулла а кхана 1уьйранна кхуззахь вовшах а кхетта, хьуьллахь йолчу коьллашна уллохь и бай шен бу, аьлла, дуй биинчуьннан, хир бу-кх и. Реза буй хьо?
— Реза бу, — меллаша жоп делира кано.
Т1аккха и шиъ д1асакъаьстира: борз хьуьнах яхара, ткъа ка шен эвла д1аяхара.
Сатосуш, шеца доккха жан-ж1аьла а далош, схьабеъна ка. Ж1аьла коьллаш юкъа д1алечкъина, ткъа ка кхуззахь бажа х1оытина.
Барзана хьуьнахара араяьлча, бежаш ка гина, цуьнан дог ловзадаьлла т1аккха.
—  Х1инца-м дийнна к1иранах юьзина лелар яра со, — аьлла, бай т1е едда борз.
Мичара дели ца хууш, барзана дуьхьал цхьогал даьлла.
—  Марша йог1ийла, борз! Хьо стенга йоьду сел сихъелла? — хаьттина цхьогало.
— Маршалла хуьлда, цхьогал, со-м бай болчу йоьдура, — аьлла, ма дарра д1адийцина барзо, ша сийсара каца къовсарх лаьцна.
— Эх1-х1ай, ма дика г1уллакх ду и, — боху цхьогало, — амма, хьуна-хьайна хаьа хир ду-кх, теш ца хилча цхьа а къийсам чекх ца болий, цундела со теш дигахь, со хьоьгахьа хир ду, ткъа ахь суна уьстаг1ан чо-ко а, когаш-корта а лур бу.
— И дан мегар долуш х1ума ду, схьадола соьца, — аьлла, жоп делла барзо. Борззий, цхьогалий бай болчу кхаьчна, т1аккха барзо кане хаьттина:
— Т1аккха, дийцал, х1инца а хьайн жа1ун бу боху ахьа x1apa бай?!
— Дера боху, — элира кано.
—  Э-э-э, ка, эхь ца хета хьуна аыппаш битта! — бехк боккхуш элира цхьогало, корта а техкош. — Дукха хенахь дуьйна массарна а хууш ма ду xiapa бай, кхин цхьаннан а боцуш, берзан буй.
— Хьуна хьаьнгара хезна и? — хаьттина кано.
—   Хьаьнгара хезна  бохург х1ун ду?!   — цецъдаьлла,  мохь  хьаькхира цхьогало. — Хьайна луъучуьнга хатта мегар ду хьуна, и массарна а хууш ду. Суна дагадог1у, дукха хан ю и хилла, со жима долчу хенахь, сан дас-нанас кест-кеста къамел дора кху байх лаьцна. Кхечу меттигашкахьчул, берзан бай т1ехь долу дехкий дерстина датт1а дохкуш хуьлу, олура цара. Т1аккха ца хаьа хьуна, нагахь x1apa бай жа1ун белахьара, цара цунах берзан бай эр ма дацара.
—  Дика ду делахь! Дуй буий ахьа, айхьа дуьйцург бакъ ду, аьлла? — хаьттира кано.
— Ой, дера буу, — элира цхьогало.
Дика ду. Оцу коьллаш юккъе цхьа ког а х1отта бай, ала: аса дуй буу, xiapa бай берзан бу, — аьлла кано.
Цхьогална, коьллаш т1е йолалушшехь, цу юккъера къега ши б1аьрг гина, т1аккха сихха юха а йирзина, гено а яьлла, йоьхна а хьоьвзина, аьлла цо:
— Бакъ дерг аьлча, суна схьахетарехь, сан дас-нанас цу байх лаьцна дечу шайн къамелехь уьстаг1ах лаьцна а хьахийра... Билггал ала ца хаьа суна, xiapa бай хьенан бу, цундела къа т1е лаца ца лаьа суна, дуй а бууш. Нагахь барзо дуй баахь, аса а буур бу-кх.
— Хьуна х1ун моьтту, — аьлла, оьг1азъяхана чутасаелира барз, — хьо санна кхоьруш яц со, аса буур бу дуй!
Цхьа ког коьллаш юкъа а бахийтина, барзо «ас дуй буу» оллушехь, цу юккъера доккха жан-ж1аьла схьаиккхира, цо, борз схьа а лаьцна, д1асаетта йолийра. Хала дела балица ж1аьлин багара а яьлла, едда к1елхьараелира борз. Ткъа цхьогал-м, тоххарехь лекхачу гу т1е а даьлла, цигара барзе мохь бетташ дара:
—  Аса ца бехира хьоьга, борз, къера дуй ма баа?! Ла ца дуьйг1ира ахьа соьга, цундела хьуна хила деззарг хили-кх!

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru