Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Эла Тепсаркъий, Жоьра-Бабин Жонсаркъий

Шуна дика дийцарг, диканца дукха шу дахарг, мацах-мацах эла Тепсаркъий, Жоьра-Бабин Жонсаркъий бохуш, ши жима стаг хилла цхьана йо1ана т1ехьийзаш.
— Ахьа Жоьра-Бабин Жонсаркъа д1а а вихкина, суна ездарин коч яхьахь, со хьоьга йог1ур ю, — аьлла и шиъ т1ехьийзаш йолчу йо1а эла Тепсаркъе.
Йо1ана хьалха доккха дош а дийцина, Жьора-Бабин Жонсаркъа волчу вахана эла Тепсаркъа.
— Жоьра-Бабин Жонсаркъа, вала, х1онсе г1ой вайша? — аьлла цо.
—  Со-м ца вог1у, эла Тепсаркъа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — т1ейоха бедар а яц, т1ехаа говр а яц, юкъах д1адехка герз а дац сан.
— TIexaa говр а, т1ейоха бедар а, д1адехка герз а ас лур ду хьуна, — аьлла, хьовзийна иза эла Тепсаркъас.
TIexaa говр а, т1ейоха бедар а, юкъах д1адехка герз а делла, Жоьра-Бабин Жонсаркъа шена улло в ваькхкхина, волавелла эла Тепсаркъа.
Юьртах бовлале, Жоьра-Бабин Жонсаркъа т1ехиина йолу говр, бук а кагбелла, охьа а кхетта, елла.
—  Х1ан-х1ан, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — вай дахаза ца 1аш делахь, сайна мел оьшу х1ума, айса кечйийр ю ас.
Цул т1аьхьа, юха а бирзина, ц1а бахана уьш. Хьалха шен дас юхуш хилла бедар а юьйхина, цуьнан хилла герз а дихкина, шен ден хиллачу гилана т1е нуьйр а тиллина, кечвелла Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Д1абоьлхуш-боьлхуш, цхьана дуьнен т1ехь х1орда йисте кхаьчна уьш.
—  Эла Тепсаркъа, х1орда чу rlyp ву хьо, я х1орда т1ехь 1ийр ву хьо? — аьлла, хаьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъас, шен накъосте.
— Со хIорда т1ехь 1ийр ву, — аьлла, жоп делла эла Тепсаркъас.
—   Со  юха  хьалат1еваллалц,  х1окху  х1орда  йистехь  1елахь,  —  аьлла Тепсаркъе, Жонсаркъас, — со лийр велахь, ц1аста санна ц1ен чопаш т1ейоьвр ю хьуна х1ордана, т1аккха хьо ма ваддало, вадий, гена валалахь; нагахь санна со ца леш вуьсуш хилахь, ло санна к1айн чопаш т1ейоьвр ю хьуна х1ордана, т1аккха со юха хьалаволий хьажалахь.
И къамел а дина, х1орда чу вахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Жоьра-Бабин Жонсаркъа х1орда чу вахана шолг1а к1ира дузучу хенахь, ц1аста санна ц1ен чопаш т1ейоьвлла х1ордана. Сов ч1ог1а кхеравелла, ша х1ун дийр ду а ца хуъш, вада а ца луш, висна эла Тепсаркъа. ТIаккха кхин кхо де даьлча, ло санна к1айн чопаш юха т1ейоьвлла х1ордана. К1айн чопаш шена яйча, саца меттиг боцуш, ч1ог1а хазахетта эла Тепсаркъина.
Цхьа хан яьллачул т1аьхьа, б1аьрго ма лоццу дукха xIohc яхьаш, Жоьра-Бабин Жонсаркъа т1е а ваьлла, х1онс-говраш хьалха а лаьхкина, ц1ехьа бирзина уьш. Цара ялочу хIонсан дола дечу говрийн 1уйшца кхо ц1оькъа айг1ар хилла: ц1аста санна ц1ен, к1ора санна 1аьржа, ло санна к1айн.
Оьхуш, тоъал х1орш гена боьвлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехьаьдда ц1аста санна ц1ен ц1оькъа айг1ар. Хьожа юкъкъе шедакхаж тоьхна, Жоьра-Бабин Жонсаркъас юхачовхабешшехь, эла Тепсаркъина т1е а хьаьдда, цунна т1оьхулла дехьа а кхоссабелла, хIорда чу бахана ц1оькъа айг1ар.
Кхоьруш, кест-кестта т1ехьа юхахьоьжуш вогIучу эла Тепсаркъас, цхьа юкъ яьллачухула, аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъе:
— Д1о вайна т1аьхьа бог1у бода, х1ун бода бу-теша, ма ч1ог1а т1етаь1на бог1у иза?
—  Иза-м вайна тГаьхьа вог1у говрийн да вара. Д1а а къаьстина, яханчу айг1аро хаам бина цуьнга. Хьалхара рема лоллур ю ахьа, я т1аьхьара орца юхатухур ду ахьа? — аьлла, вистхилла Жоьра-Бабин Жонсаркъа, эла Тепсаркъе.
— Аса хьалхара рема лоллур ю, — аьлла, рема а лаьллина, дIаволавелла эла Тепсаркъа, т1акхкха Жоьра-Бабин Жонсаркъа т1амана кеч а велла, бухасецна.
Герга г1оьртина говрийн да, 1аьржа Хожа.
— Х1ан-х1ан, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — аьлла цо, — х1инццалц хьан дас хьийзийна тхо, х1инца хьо а волавелла тхо хьийзо. Т1ом болабе хьайна х1инца.
—  Во 1аьржа Хожа, дог дера а хьо ву, сина саготта а хьо ву, юьгуш йолу рема а хьан ю.  Болабе хьайна т1ом, 1аьржа-Хожа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Озийна 1одан пха тоьхна 1аьржачу Хожас Жоьра-Бабин Жонсаркъина. Хожас 1ад озошшехь, нуьйра х1оьа чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха юха чувогг1ушехь, Хожин 1одан пха к1елхула чакхбалийтина. Нуьйра чу ша нис а велла, пха тоьхна цо 1аьржачу
Хожина. Син метта кхетта, хьоьвзина говрара чувахана Хожа. Иза т1ехь хилла дин, шайн реми юкъа схьа а лаьллина, т1ера охьавоьссина, Хожин корта схьа а баьккхина, цунна т1ера ездарин коч-хеча а схьа а даьккхина, уьш шен таьлсаш чу а дехкина, эла Тепсаркъина т1аьхьакхиина Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Новкъа схьаоьхуш, кхин а гена боьвлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьара т1ехьаьдда к1ора санна 1аьржа ц1оькъа айг1ар. Хьожа юккъе шедакхаж тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас юха човхабешшехь, эла Тепсаркъаина т1е а хьаьдда, цунна т1оьхула а кхоссабелла, х1орда чу бахана и ц1оькъа 1аьржа айг1ар.
Цхьа хан яьллачу хенахь т1аьхьаваьлла эла Тепсаркъиний, Жоьра-Бабин Жонсаркъиний Хожин шолг1а ваша.
—  Х1ан-х1ан, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — хаытина эла Тепсаркъас, — д1о вайна т1аьхьабог1у 1аьржа бода, х1ун бода бу-те? Ма доккха х1ума ду иза!
—  Иза-м х1ума дацара, говрийн да ву иза, вайна т1аьхьа вог1уш    Эла Тепсаркъа, хьалхара рема лоллур ю ахьа я т1аьхьара орца юхатухур ду ахьа? — аьлла, хаытина Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
— Аса хьалхара рема лоллур ю, — аьлла, рема а лаьллина, д1аволавелла эла Тепсаркъа. Т1аккха Жоьра-Бабин Жонсаркъа, т1амана кеч а велла, т1аьхьасецна.
Герга г1оьртина говрийн да, 1аьржачу Хожин шолг1а ваша.
— Х1ан-х1ан, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — аьлла цо, — х1инццалц хьан дас а хьийзийна тхо, х1инца ахьа а ца дуьту тхо даха, т1ом болабе хьайна.
— Во 1аьржа Хожа, дог дера а хьо ву, сина готта а хьо ву. Юьгуш йолу рема а хьан ю. Вийна 1уьллуш волу ваша а хьан ву, т1ом болабе ахьа, 1аьржа-Хожа, — олуш, жоп делла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Жобра-Бабин Жонсаркъина, 1ад оьзна, пха тоьхна 1аьржачу-Хожас. 1ад озошшехь, нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1акхкха ша юха чувогг1ушехь, Хожин 1одан пха к1елхула чекхбалийтина. Шен нуьйра чу а нисвелла, тоьхна xIokxo, 1одан пха, 1аьржачу Хожин вешина. Син метта кхетта, хьоьвззина, говра т1ера чувахана Хожин ваша. Иза т1ехь хилла дин реми юкъа д1а а лаьллина, цунна т1ера ездарин коч-хеча а, корта а, схьадаьккхина таьлсашна чу а декхина, эла Тепсаркъина т1аьхьакхиъна Жонсаркъа.
Т1аккха шайн рема лаьллина xlopш д1абоьлхуш, юха а Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехьаьдда ло санна к1айн ц1оькъа айг1ар. Жоьра-Бабин Жонсаркъас, хьожа юкъкъе шедакхаж а тоьхна, юхаэккхийначул т1аьхьа, эла Тепсаркъа волчухула хьаьдда, цунна т1оьхула а икхкхина, х1ордана буха бахана ло санна к1айн ц1оькъа айг1ар.
Цу к1айчу айг1арца орцах т1аьхьаваьлла х1окхарна 1аьржачу-Хожин уггаре а вокхкхах волу ваша.
Аренаш морцуш, лаьмнаш цоьстуш, сел буьрса т1аьхьаваьлла воккхах волу ваша Жоьра-Бабин Жонсаркъиний, эла Тепсаркъиний.
Юхахьаьжча, т1ег1ерта буьрса бода шен б1аьрга гича, эла Тепсаркъас аьлла:
— Жоьра-Бабин Жонсаркъа, х1ун ду-техьа вайна т1аьхьадог1ург? Ма буьрса 1аламат ду иза!
—  Иза-м х1ума дацара, — олуш, жоп делла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — вайна т1аьхьавог1у говрийн да ву иза. — Х1ан-х1ан, эла Тепсаркъа, хьалхара рема доллур ю ахьа, я т1аьхьара т1ом юхатухур бу ахьа?
— Аса хьалхара рема лоллур ю, — аьлла, говраш а лаьхкина, д1авахана эла Тепсаркъа.
Сецна лаьттачу Жоьра-Бабин Жонсаркъина герга г1оьртина 1аьржачу-Хожин воккхах волу ваша.
— Х1ан-х1ан, — олуш вистхилла воккхах волу ваша, — х1инццалц хьан дас хьийзийна тхо, х1инца ахьа а ца дуьту тхо даха. Т1ом болабе соьца, Жоьра-Бабин к1иллу!
—  Дог дера а хьо ву, сингаттаме а хьо ву, оха юьгу рема а хьан ю, вийна 1уъллу ши ваша а хьан ву, — т1ом болабе ахьа, 1аьржа-Хожа, — олуш, жоп делла цунна Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
1ад оьзна, пха тоьхна 1аьржачу-Хожин вашас. Нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Юха чувогг1ушехь, нуьйра чу хиъна иза. Цу хенахь 1аьржачу-Хожин вашас тоьхна пха некха юкъкъехула чакхбаьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъина.
Хьала а иккхина, 1ад оьзна, пха тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Деган метта кхетта, хьоьвззина, динара чувахана 1аьржачу-Хожин ваша. Паккха шен накъосте кхайкхина Жоьра-Бабин Жонсаркъа:
—   Эла Тепсаркъа, корта а, т1ера коч-хеча а схьадаккха х1окху велла 1уьллучу Хожин вешин.
— Со ваьхьар вац, аса боккхур бац цуьнан корта а, я цунна т1ера коч-хеча а. Ваьхьар вац со, — бохуш, инзарваьлла хьоьвзина эла Тепсаркъа.
—  Схьабаккха цуьнан корта, х1умма а хир дац хьуна, иза-м велла 1уьллуш вуй, схьа ца баьккхича бер бац иза. Со динара охьавоьссича, юха т1ехаълур воцуш, чов хилла суна, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Эла Тепсаркъа, х1уъу а хилча а, ца тигна велла 1уьллучу 1аьржачу Хожин вешин корта а, ез-дарин коч-хеча а схьадаккха.
Динара охьа а воьссина, хьовззийна корта а, ез-дарин коч-хеча а Хожин вешина т1ера схьадаьккхина Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Уьш шен таьлсаш чу дехкина ваьлча, юха шен дина ца валалуш висина иза.
—  Х1ан-х1ан, эла Тепсаркъа, — аьлла цо т1аккха, шен тешнабехк дагахь болуш волчу, ямартчу накъосте, — Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина, дахьа ас, алий, xlapa ез-дарин кучамашший, хечешший, говрийн ремий вайша ший а т1ехьийзаш волчу йо1е д1алолахь. Т1аккха xlapa кхо корта сан нене д1алолахь, со ц1а вогГур воцуш вуйла д1а а хаийталахь...
Циггара, Жоьра-Бабин Жонсаркъа вита а витина, ц1а вахана эла Тепсаркъа. Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина, вог1у ша аьлла, ез-дарин бедарш а, говрий рема а йо1е д1а а елла, ткъа Хожин а, цуьнан вежарийн а кортош Жоьра-Бабин Жонсаркъин нене д1аделла.
—  ХГумма а дац, шен а, шен ден а ч1ир-х лехний цо, — бохуш, б1архиш къайллах, куьг хьокхий, д1адохура Жонсаркъа виначу нанас.
Xlopш т1ехьийзаш хиллачу элан йоь1ан са кхиъна, эла Тепсаркъас Жобра-Бабин Жонсаркъа вихкина цахиларх. Шен говр-ворда а йоьжна, араяьлла, цхьана дуьнен т1оьхула д1айоьдуш, велла 1уьллучу Жоьра-Бабин Жонсаркъина т1е кхаьчна иза. Т1аккха, сов дукха цунна йилхина, б1аьргаш а кхоьлина, лаьтташ Жонсаркъин говр а хилла.
Жоьра-Бабин Жонсаркъина юххе охьа а хиъна, сов дукха елхарна, ший б1аьрг а баьлла, йисина йо1 а, цуьнан балина сов дукха елхарна, йоь1ан говр а.
Цу хенахь, мичара долу ца хууш, йоь1ан куча-кара «зов» аьлла, чудоьжна цхьа к1айн ши шай. Иза шен кучара охьаэга доьлла ахча ду моьттуш:
—  Да ват1а хьан, кучара ахча охьаэга а доьлла-кх сан, — аьлла, куьг хьаькхина, схьа а эцна, иза буйна а доьллина, охьахиъна йо1.
Цхьа хан яьллачу хенахь шен б1аьргех хьаькхна цо куьйгаш, ши шай буйнахь а долуш. Т1аккха б1аьргаш шаьш ма дарра хилла.
Хьала 1аьттина, т1еяхана Жоьра-Бабин Жонсаркъина а хьаькхна цо к1айн ши шай.
—  Ма дукха 1иллина со вижина, — аьлла, ирах1оьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха шина а говран б1аьргех а хьаькхна цара к1айн ши шай — уьш а, б1аьргаш то а белла, д1ах1иттина.
Ч1ог1а дакхкхийдеш, мар-мара лилхина йо1 а, Жоьра-Бабин Жонсаркъа а. Йо1 а эцна ц1а а вахана, цунах шена зуда а йина, ваха хиъна Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Х1инца а дехаш ду боху к1анттий, йоIIий, Жоьра-Бабий мерзачу безамца, бертахь.
Ма лолда вай, к1ентий, вовшех темаш ва байна!

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru