Докъаца кхоллам
Маре г1урриг хилла йолу цхьа йо1 xlop сарахь хит1а йог1уш хилла. Цкъа а, шозза а шовданчуьра пхьидо олуш хезна йо1ана:
«Ма хаза йо1 яра хьо, докъаца кхоллам хир бацахьара».
Кхозлаг1а а шов дана т1ееалчу йо1ана хезна хьалха санна пхьидо олуш:
«Ма хаза йо1 яра хьо, докъаца кхоллам бацахьара». И х1ун ду те? — аьлла, шен дега хаьттина йо1а. Докъаца кхоллам хиллане хила йиш яц хьуна, аьлла дас, шен йо1е. Цул т1аьхьа дукха хан ялале цу эвлара д1авала дагахь, кхечанхьа д1аваха новкъаваьлла да, шен йо1 шеца а йолгуш.
Да а, йо1 а д1адоьду-уш хьуьнах йинчу цхьана йоккхачу г1али т1е кхаьчна. Цу г1али чу ваха ков д1аделла дагахь белаш г1ортийна дас. Д1аделлалуш ца хилла ков. Шозза а, кхузза а кевнах белаш г1ортийна дас. Ков делла ца делла. Т1еяханчу йо1а куьйга д1атеттина ков д1а а диллина, г1али чоьхьа яьлла. Да арахьа а волуш, йо1 чоьхьа а йолуш ков шашах д1акъовладелла.
Шега ков д1а ца деллалой хиъча, йо1а, чу а яхана хьожуш, массо меттиг а теллина. Чухула лела-аш, марчо а хьарчийна х1инц-х1инца велла д1аволла кечвина цхьа стар гина йо1ана, меттахь 1уьллуш. «Хаза йо1 яра хьо, докъаца кхоллам бацахьара», бохуш пхьидо вийцинарг хьо хилла-кха», — аьлла, мозашна х1ума ласто кара цхьа х1ума а эцна, докъана улло охьахиъна йо1. Т1ехевшина мозий д1а а лелхош, кхойтта шарахь дакъа самадолий те хьоьжуш л ар дина цо.
Кхойтта шо д1адаьлча, кел арахьа висина волу йоь1ан да велла, йо1 арайолу ларъеш 1ийна волу. Дейтталг1а шо а доладелла йо1а и дакъа хьалаг1отту лардеш. Дейтта шо кхочуш не1 а йиллина xlapa йо1 йолчу еана г1арбаш. Йо1а аьлла г1арбаше:
— Схьайолахьа, жимма, со чу яллац кхунна т1е хиъна моза-х1ума xlapa гla a ластош д1аяккхахьа со сайн да кет1ахь вуй а хьаьжна чуйог1у хьуна.
Иза араяьлла цхьа ах сахьт хан ялале дейтта шо чекх а даьлла, дакъа самадаьлла. Парбаша аьлла самаваьллачуьнга:
— Х1окху дейтта шарахь т1е моза ца хоуьйтуш, гla лестош хьуна улло а хиъна 1ий-кх со.
Цу меттехь цо г1арбаш ялийна. Шена дейтта шара чохь гla лестош уллохь 1ийна йолу и йо1 шайн г1арбаш а йина, дехаш 1еш хилла и самаваьлла стаг а, цуьнан хьалха хилла йолу г1арбаш а.
Ша базара мосузза воьду цу стага олуш хилла шайн г1арбаше:
— Хьуна х1ун йохьур ю ша базарара, — олий.
Цкъа иштта шега аьлча йо1а дехар дина шена тайниг а, урс а, баттам а эцахьара, аьлла. И ц1ераш яьхна йолу х1уманаш шена еача, тайниг а ловзош 1еш йолчу йо1а, тайниг охьа а йиллина, шена хилларг юьххьера дуьйна дийца а дийшша, тайниге аьлла:
— Тайниг, сан къиний, балиний елха хГунда ца йоьлху хьо? — Мохь тоьхха йилхина тайниг. Баттам, сан къиний, балиний хьала а иккхина, лаьттах кхетта йоьхна-яьржина д1а х1унда ца йоьду хьо? — аьлла, йо1а баттаме.
Хьала а иккхина лаьттах кхетта йоьхна д1аяхана баттам.
— Урс, сан къиний, балиний хьалаиккхина, тховх кхетта сан дагах х1унда ца дог1ало хьо? — аьлла йо1а. Хьалаиккхина урс тховх кхетта, юха чу дале, чу иккхинчу к1анта, йо1а и хабар дуьйцуш къайлах ладоьг1уш лаьтташ волчу, катоьхна урса к1елхьара схьаяьккхина йо1. Т1аккха хиъна к1антана оцу г1арбаша кху йо1ана тешнабехк биний. И йо1 шена а ялийна, хьалха хиллачу г1арбашах г1арбаш а йина, даха хиъна и шиъ.
1аьржа-Хожа
Хьалхалерачу заман чохь цхьана ден кхо к1ант а, кхо йо1 а хилла. Цу кхаа к1антах жимах верг царалахь дена дукха везаш а, хьоме а хилла. Иза дена дукха везарна, важа ши ваша цуьнца гамо йолуш хилла. Дас ша леш, весет дина кхаа к1анте:
— И вайн кхо йо1 ша веллачул т1аьхьа, еха веанчу стаге а, олхазаре а, милла а, х1уъу а яг1ахь, маре лолаш, — аьлла.
Да веллачул т1аьхьа дикка зама д1аяханчу хенахь, царалахь жимах йолу йиша еха кхокха беана. Дас дина весет кхочушдарца кхокхе маре елла кхаа вашас цхьа йиша.
Цхьа зама яьллачул т1аьхьа куьйра деана шолг1а йиша еха. Шолг1а йиша а елла, куьйра а д1адахийтина вежарша.
Цул т1аьхьа леча деана кхоалг1а йиша еха. Иза цуьнга а елла, леча а д1адахийтина.
Шайн йижарий муьлхачу махкахь бу ца хууш, уып муха беха ца хууш, сахьийзаш хилла кхо ваша. Т1аккха цара барт бина:
— Вай лела даха деза, вешан йижарий а лохуш, — аьлла.
Шайн дойшка а хоьвшина, герзаш а дихкина, лела бахана вежарий.
К1езиг боьлхуш, дукха боьлхуш, гена дуьненан махка кхаьчна уып. Цхьана пана махкахь кхузза т1ек1елйина г1ала карийна царна. Цу г1алин гондахьа а хьоьвзина, воккхах волчу шимма аьлла жимах волчуьнга:
— Цу г1али чу а г1ой, цу чохь х1ун ду хьажий вола, — аьлла. Кхоалг1ачу г1али т1е а ваьлла, не1 йиллина д1ахьаьжча, цунна чохь кхо йо1
карийна жимах волчу вешина. Кху к1анте ч1ог1а безам баханчу царах йоккхах йолчо аьлла:
— Ахьа йигахь, со хьоьга маре йог1у?
— Соьга ма йола, сол воккха ваша ву сан, сайн нус йийр ю аса хьох, воккхах волчу вешега йола, — аьлла к1анта.
Шолг1ачо а аьлла, ша йигахьара ахьа.
— Хьо а шел воккхах волчу вешина юьгур ю ша, — аьлла к1анта.
Жимах ерг шена а, важа ши йиша шен шина вешина а ялош, ара а ваьлла, шен шина вешина т1евахана xlapa. Ялханнан а барт а хилла, цхьацца йо1 шен-шен говрашка а хаийна, церан хазна а эцна, ц1ехьа юхавирзина кхо ваша.
Ц1а бог1уш, новкъахь, цхьа дол веха ша а волуш, ши дол еха маж а йолуш волчу стагана т1е кхаьчна xlopin. Ша а вигахьара аша шайца, говраш 1алашъян дика хир вара ша шуна, аьлла цо воккхах волчуьнга.
— Говраш 1алашъян нах тхан шортта бу,— аьлла, т1ехваьлла воккхах верг. Шолг1ачуьнга а аьлла лохчу стага, цуьнга санна.
— Шена ца оьшу хьо, хьох дан х1ума дац,— аьлла, иза а т1ехваьлла. Т1аккха жимах волчу веше аьлла кхо, ша вига. Цунах къа а хетта, шена
т1ехьа йолчу йо1ана т1ехьа, говра т1е хаийна к1анта лоха стаг.
Х1окху к1антана ца хууш, т1ехьара йо1 а эцна, говрара охьаиккхина, вахана хилла некъахо. Иза хилла шен дег1ах шена луъург а ялуш, хьалха заман чохь дуьйна вуьйцуш волу 1аьржа-Хожа.
Шена т1ехьа и шиъ доций а хиъна, хьалхарчу шина веше х1умма а ца олуш, жимах верг юхавирзина.
— Муьлхачу aгlop йигина хиъча т1аьхьаг1ур вара ша, дуьхьал х1оытина и хилча-м цунах летта лийр вара, кху дуьнен т1ехь иза елахь, караяза ц1ен т1е воьрзур вац ша, — аьлла, д1авахана жимах волу ваша.
К1езиг воьдуш, дукха воьдуш, хийла зама ядийна, цхьана юьрта кхаьчна к1ант. Цу юьртан хи оьцучу а вахана, хьаша мила лоцур вара-те ша, бохуш, х1оытина лаьтташ хилла xlapa. Хи йистехь к1ант лаьтташ, кхунна т1е еана кхокхане яхана йиша.
— Вай, со йиша яла хьан, хьо мичара вели?!—аьлла йишас, ма гиннехь, шен ваша а воьвзина. Вадийна шайга вигна xlapa. Говр парг1ат а йина, ц1ахь парг1атваьлла к1ант 1ачу заман чохь, беана кхокха ц1а кхаьчна. Ц1а ма богг1ура, ша кечлуш болчу ц1а чу а бахана, бегабелла шена т1ера мае охьа а йожийна, шена т1е кхин духар а дуьйхина, стунвеше маршалла хоттуш, чубеана кхокха-нуц. Иштта могаш-парг1ат хоттуш, чохь сакъоьруш 1ачу заман чохь, к1анта хаттар дина невце:
— Аренца лелаш а бара-кх хьо, керла х1ума дац хьан дийца? — аьлла.
— Кхин керла х1ума-м дац, делахь а тахана цхьа тамашина х1ума-м дайна суна. Кхо ког болчу говрахь 1аьржачу-Хожас ядийна юьгуш дукха башха хаза цхьа йо1 яйра суна. Кхин керла х1ума дац суна гина а, хезна а, — аьлла кхокхано-невцо.
— Муьлхачу аг1орхьа вахара и 1аьржа-Хожа? — аьлла, хаттар дина стунвашас.
— Малхбалехьа вахара иза, — аьлла, жоп делла кхокхано.
Кхин невце-кхокхане цунах лаьцна къамел ца деш, шолг1ачу 1уьйранна кеч а велла, к1ант Малхбалехьа новкъа ваьлла.
К1езиг воьдуш, дукха воьдуш цхьана юьрта кхаьчна иза. Цигахь воьвзаш хьаша а воцуш, вукха юьртахь санна, хи йистехь сецца к1ант. Еана т1екхаьчна кхуьнан куьйране маре яхана йиша.
— Вай, со йиша яла хьан, дела1! — аьлла, мараиккхина, вадийна д1авигна цо ваша.
Говр парг1ат а йина, xlapa 1аш, суьйранна куьйра ц1а деана. Ша кечлучу дахана, шена т1ера мас охьа а йожийна, т1е кхин духар а дуьйхина, стунвеше маршалла а хоттуш, чудахана куьйра.
Могаш-парг1ат хоттуш, стунвешица къамеле ваьлла xlapa 1аш, к1анта хаттар дина цуьнга:
— Хьо аренашкахула лелаш а дара, дийцахьа, селхана-тахана керла х1ун хезна, х1ун дайна хьуна? — аьлла.
— Кхин керла х1ума а ца дайна суна. Селхана кхо ког болчу говрахь 1аьржачу-Хожас йо1 юьгуш гира суна. Сайн куьйран ницкъ т1ета11ийна, т1аьхьаиккхира со, т1аьхьа а ца кхиина юха дирзира ша. Кхин х1ума-м ца дайна суна, — аьлла, жоп делла невцо.
— Муьлхачу аг1орхьа вахара иза?
— Малхбалехьа вахара, — аьлла невцо.
Шолг1ачу 1уьйранна кеч а велла, к1ант Малхбалехьа новкъа ваьлла.
К1езиг воьдуш, дукха воьдуш, хийла зама такхийна, сарахь цхьана юьрта кхаьчна иза. Хи йисте а вахана хьаша лаца стаг карор вац-те, аьлла, ладоьг1уш Iaш хилла к1ант. Еана лечане маре яхана йиша т1екхаьчна кхунна.
— Вай, со йиша яла хьан, дела1! — аьлла, йишас вадийна шайга д1авигина ваша.
Говр парг1ат а йина, даарца-маларца ваша парг1ат а ваьккхина, йиша lain, деана ц1а кхаьчна леча. Шен кечлуш долчу ц1а чу а дахана, шена т1ера мае а йожийна, кхин духар а дуьйхина, стунвеше маршалла а хоттуш, чудеана леча.
Могаш-парг1ат хаьттина, къамеле ваьлла, сакъоьруш 1аш, к1анта хаттар дина невце:
— Аренца лелаш дара-кха хьо, леча, дац хьан дийца керла х1ума? — аьлла.
— Кхин керла х1ума а дац. Кхо ког болчу говрахь 1аьржачу-Хожас ядийна юьгуш цхьа 1аламат хаза йо1 яйра суна. Сайн лечанан ницкъ т1ета1ийра аса, т1аьхьакхуьург а ца хилла, духа дирзира со. Цу йо1ах ч1ог1а къа а хийтира суна, — аьлла лечано.
— Муьлхачу arlop йигира-те цо иза?
— Малхбалехьа д1авахара иза, — аьлла, жоп делла лечано.
Шолг1ачу 1уьйранна Малхбалехьа ваха араваьлла к1ант. К1езиг воьдуш, дукха воьдуш, хийла зама ядийна, цхьана юьрта кхаьчна xlapa. Цу юьртахь хи йистехь к1ант Iaш, еана т1екхаьчна кхуьнан 1аьржачу-Хожас ядийна езар.
— Вай, со яла хьан! —аьлла, мохь а баьлла, к1антах б1аьрг кхетча, хаттаре яьлла йо1, — хьо муха кхаьчна кхуза?
— Ша к1езиг вог1уш, дукха вог1уш, хьуна тоха собар а ца хилла, сагатдина кхечи кхуза. Же, вайша х!инца д1адаха деза, — аьлла к1анта.
— Вайша додур-м дара, амма дедча, дер дуй-те вайша? Со ялийнчу 1аьржачу-Хожин кхо ког болуш маса говр ю, ша а боккха ницкъ болуш ву иза, хьуна 1аьржачу-Хожас зен дарна кхоьру со, — аьлла йо1а.
— Далахь дер ду вайша, ца далахь лийр ду, — д1а ца дахча, йиш-м яц, — аьлла, к1ант, йо1 а эцна, д1аиккхина.
1аьржа-Хожа оцу ша бинчу некъехь г1ел а вела, вижина 1уьллуш хилла. Вижар-сада1ар цуьнан муха хилла аьлча: х1окху п1ерасканехь, цхьа лерг к1ел а диллина, важа т1е а тесна, д1авижча, вукху п1ерасканехь г1оттуш хилла. Массо а х1уманах са а кхуьуш, адамийн маттахь йист а хуьлуш, хилла Хожин говр. Йо1 ядийний а хиъна, говр божалан г1ораш а кегдеш, Хожа волчу иккхина. Лерга юххе т1а тоьхна, 1аьржа-Хожа самаваьккхина цо.
— Х1ун хилла? — аьлла, самаволлушехь, хаттар дина 1аьржачу-Хожас дине.
— Йо1 юьгу вайшиннан, — аьлла говро.
— Йиина доьду, я яаза доьду вайша цунна т1аьхьа? — аьлла, хаьттина 1аьржачу-Хожас.
— Йиина дахча а кхуьур ду, яаза дахча а кхуьур ду, — аьлла говро. Шаьшшинна паргг1ат х1ума а йиина, шен кхо пунт йог1у чхьонкар а эцна,
1аьржа-Хожа т1аьхьаваьлла.
Дукха зама ялале, к1антана а, йо1ана а т1аьхьакхиина 1аьржа-Хожа. Меллаша т1ехьара йо1 схьа а эцна, шен чхьонкар тоьхна, к1ант аьтта д1авахийтина 1аьржачу-Хожас. Юхадирзича, 1аьржачу-Хоже йо1а аьлла:
— Цуьнан массо а даь1ахк таьлсаш чу а йиллина, говр юха хьажаяхьара ахьа, — аьлла.
Кхуьнан дехар кхочушдина 1аьржачу-Хожас.
Говр к1езиг йоьдуш, дукха йоьдуш, лечанехь йолу йиша йолчу кхаьчна. Йиша шийлачу маьхьарца, дог1анца йоьлхуш 1аш, деана леча ц1а кхаьчча. Шен стунваша вийна даь1ахкаш шена гича, лечано шен ц1ийннене аьлла, хаза цуьнан дог а оыгуш:
— Хьо елха а ма елха, йоха а ма йоха, xlapa, тохара санна, товина д1ах1отто молха ду сан,— аьлла.
Шена т1еюхучу месех, кхо мас а яьккхина, уьш к1ентан даь1ахкех хьаькхна лечано, цунах дарба а даьлла, чу са а деана, денвелла д1ах1оттийна к1ант. Чу са деъча, ша набарх волуш:
— Дукха зама хилла со вижина, — аьлла, хьалаг1аытина к1ант. Йиша ч1ог1а йоккхаеш йисна.
Кхана 1уьйранна кечвелла, юха а вахана, тохара санна хи йистехь xlapa к1ант лаьтташ, т1ееана йо1. К1анта йо1е аьлла:
— Иштта идарх вайша 1аьржачу-Хожера дер дац. Иза хьастий а, хьагий а говр мичара яьлла хьуна алий дицийта цуьнга. Т1аккха ша, и тайпа говр а ялийна, хьо ядор ю.
Йо1а Лерина, хьастаелла, 1аьржачу-Хоже хаттар дина, и говр мичара яьлла, аьлла, дехар деш. 1аьржачу-Хожас ма дарра йо1е дийцина:
— Малхбалехьа цхьана гена махкахь, х1ордан йисттехь, г1амар т1ехь цхьа кхел ю. XIop шарахь бекъа йо цо. Ша йин-йина бекъа, цу г1амар т1ехь даа х1ума а ца хуьлий, мацаллина юу цо. Кху деношкахь ехкар йолуш а ю иза. Xlapa бекъа яло воьдуш, цхьа ког биъначу хенахь т1екхечира со, кхел юза а йина, цуьнгара яьккхира аса. И кхел жижиггий, даьттий бен, х1умма а юуш а яц.
Иштта цо дийцинарг, йо1а яхана к1анте д1адийцина. К1ант цига ваха новкъа ваьлла.
К1езиг воьдуш, дукха воьдуш, х1орда йистерчу г1амар т1ехь йолчу кхелана т1е кхаьчна к1ант. Ша кхелана тккхаьчча, цунна жижиг, даьттий дао долийна к1анта. Цхьа хан яьллачу хенахь кхел бекъа ян йоьлла. Ша юзаярна, там баьллачу кхело к1антана хьехар дина:
— К1ант, батт арайоллушехь бага дуьрста йоллалахь цунна, г1одаюкъ арайоллушехь т1е нуьйр а тиллий, кхо бухка бехкалахь, ц1ога арадоллушехь мулг1а д1атасалахь, беа кога т1е ирах1уттушехь, т1ехаалахь цунна, — аьлла.
Кхело шена дина хьехар, дуьззина чекхдоккхуш, к1ант бекъанна т1е хиина. Т1ехь к1ант а волуш, дуьнен т1ехь кхачаза меттиг ца юьтуш, едда юха а шен нанна юххе еана бекъа.
— Дуй шена т1ехь х1умма а? — аьлла, хаьттина бекъо нене.
— Со, к1ант-м, ву хьуна т1ехь,— аьлла, голаш та1ийна к1анта.
— Делахь, хьуна со хьанал хуьлда. Сайн ненан шуьрех юзийта со, т1аккха вайша хьуна луъучу aгlop д1а a rlyp ду-кх, — аьлла бекъо.
Юззалц, шен ненах бекъа якха а якхийтина, масийтта дийнахь ша бина некъ, сохьтехь балла бен ца хуьлуш, 1аьржачу-Хожас ядийна йо1 йолчу кхаьчна к1ант. Кет1а вахана, кхайкхина йо1 ара а яьккхина:
— Же, ма 1елахь, х1инца вайша додур ду,— аьлла к1анта йо1е.
Йо1 т1ехьа а хаийна, к1ант ц1ехьа ван новкъа ваьлла. И ядийний хиинчу кхаа кога т1ехь йолчу говро, лерга юххе т1а а тоьхна, 1аьржа-Хожа сама а ваьккхина, цуьнга хаам бина, йо1 ядийна вайшиннан, аьлла.
— Йиина дахча кхуьур ду вай, яаза дахча кхуьур ду? — аьлла, хаттар дина 1аьржачу-Хожас.
— Йиина дахча а кхуьур дац, яаза дахча а кхуьур дац,— аьлла, жоп делла кхо ког болчу говро.
Чехка кечвелла, шен кхо пунт йолу чхьонкар буйна а йоьллина, 1аьржачу-Хожас шен говр т1аьхьахаьхкина.
1аьржачу-Хожина ша т1аьхьакхиа воллу а моттуьйтий, иза юххе а кхочуьйтий, говр хохкий, т1аппъолий, вовш хилла к1ант. 1аьржачу-Хожин говр г1елъяла йоьлла. Тохара санна, шаып юххекхаьчча, 1аьржачу-Хожин говр мохь тоьхна йистхилла к1ант т1ехь волчу говре:
— Цхьана нанас йина ши ваша ма яра вайша, шена бо ницкъ ца го хьуна кхо, т1аьхьакхиийтахьара ахьа тхойша, — аьлла.
Вукхо жоп делла:
— И боьха х1ума т1е а хаийна лелачу хьох шена къа ца хета. Ша шена т1ехь волчу дега верта кхуссуьйтур ду хьуна, цунах къаьхкинчуха хьайна т1ераниг охьа а кхоссий, мийраш беттий вен а вей, шайна т1аьхьах1отта, — аьлла.
К1анта белшах долу верта охьа а тесна, цунах кхераелла говр, д1аиккхина, 1аьржа-Хожа охьавоьжна. Т1аккха, т1е когаш биттина, иза вен а вийна, кхо ког болу говр вукхарна т1аьхьакхиина.
Шен йо1 а ялош, ши говр а ялош, к1ант нуц-леча долчу кхаьчна. Цигахь кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар а дина, даккхийчу совг1аташца лечас к1ант новкъа ваьккхина. Цигара ваьлла к1ант нуц-куьйра долчу кхаьчна. Цигахь а кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар а дина, са а къийрина, к1ант нуц-кхокха болчу вахана. Цигахь веза-воккха т1еэцна, кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзарш дина, даккхийчу совг1аташца к1ант ц1ехьа вирзина.
Ц1ахь волчу шина вашас догдиллинчу хенахь, жимах волу ваша, шен нускал а далош, ши говр а ялош, ц1а а веана, мерзачу безамца, дог доккхадерца ваха хиъна.
Дала аьтто бойла церан, массо а диканиг хуьлийла царна.