Кхо ваша
Цхьана ден кхо к1ант хилла. Вехаш хийла хан яьлча, дена ч1ог1а цамгар кхетта.
— Со кху цамгарх вала мега, то а ца луш, — аьлла, дас, шен кхоь а к1ант, кхайкхина шена т1е а валийна, цаьрга весет дина, — Со велча, суна, туьхан т1улгах дай, чурт а дог1а, наггахь т1едуьйлий, кош т1е а х1итта. Бертахь а 1е, диц а ма де, вон хила атта ду, дика хила хала ду шуна.
Оцу цамгарх то ца луш, да кхелхина, ткъа бухависинчу кхаа к1анта, шешан ден весет кхочушдеш, дена туьхан т1улгах дина чурт а доьг1на, шайн да д1аверзийна.
Цхьа хан яьллачу хенахь xlapa кхо к1ант, шайн ден коша т1е эха воьлла. Иштта xlopш лелаш, шешан дена доьг1на туьхан чурт жимлуш хилар хааделла к1енташна. Воккхах волчу вашас аьлла жимах волчу шина веше:
— Xlapa вайн ден кошана вай доьг1на чурт лахлуш ду, xlapa ларда деза вай, — аьлла.
Цу т1ехь барт а хилла, хьалхарчу кхаа буса воккхах волу ваша вахана ден чурт ларда. Ден чуртана билгало а йина, чурт ларда хиъначу воккхах волчу вешина, кхаа а буса наб кхетта, ден чурт лардеш 1ачу заман чохь. Ден чурт кхара йинчу билгалонал жимделла карийна. Шолг1ачу рог1ана юккъера ваша вахана ден чурт ларда. Чуьртана т1ехь билгало а йина, охьавижна юккъера ваша а. Цунна а, вукху вешина санна, наб кхетта. Кхоалг1ачу дийнахь хьаьжча, хьалхачул а чурт лахделла карийна. Т1аьххьара а жимах волу ваша вахана ден чурт ларда. Шена мел ч1ог1а наб т1ег1оьртича а, наб ца кхоьтуьйтуш, чурт лардеш Iaш хилла жимах волу ваша. Буьйса юкъал т1ех яьллачу хенахь, стиглара охьа а беъна, цхьа 1аьржа бода т1ег1оьртина ден чуьртана.
Бода дикка гера кхаччалц, 1адда а 1ийна, к1анта, вист а хилла, аьлла:
— Х1ай суна т1ег1ерта бода, хьо х1ун ю? Са ду хьо я жин ду хьо? Дистхила! Бода, х1умма а ца олуш, кхин а герга г1ерташ хилла. К1анта 1ад а оьзна, пха
тоьхна. Т1аккха а юха ца болуш, к1ентан ден чурта т1е кхетта бода. К1ант, кхоссавелла, боданна т1е хиъна. К1ант шена т1е хиъча, бодано вадийна ворх1е а стигалан 1аьрчашка ваьккхина. Цу стиглан 1аьрчашкара керчаш, юха лаьтта боьссича, к1ора санна 1аьржа дин хилла, д1ах1оытина 1аьржачу боданах. Лаьтта т1ехь ира а х1оьттина, лестина, бегабелла дин:
— Х1инца-х даций суна т1ехь цхьа а х1ума, — аьлла. Букъа т1ехь хиъна 1ачу к1анта аьлла:
— Кхин х1ума-м дац хьуна т1ехь, со к1ант-м ву. 1аьржачу гилано жоп делла:
— Тахана-тховса дуьйна хьан долахь бу со, хьо бен кхин да воцуш. Хьо холчух1оьттинчу муьрехь, хьайна со ма ишшинехь, xlapa сан ц1оганан мерз багор ахьа, со т1екхочур бу хьуна.
К1антана ц1оганах баьккхина мерз а белла, д1абахана 1аьржа гила. Говран ц1оганах баьккхина мерз шен кисана а биллина, шолг1ачу буса а ден чурт ларда охьахиъна жимах волу ваша. Хьалхарчу буса санна, лерина, кхунна наб т1ег1оьрттинчу хенахь, стиглара охьахьаьдда к1айн г1аларт. Гергга кхаччалц, 1адда а 1ийна, к1анта аьлла:
— Суна герга ма г1ерта, аса лазор ду хьо, к1айн г1аларт.
Кхин и соцург а ца хилла, 1ад оьзна, пха тоьхна к1анта. Шена пха тоьхча а, шек ца долуш, к1ентан ден чуртана т1е кхетта к1айн г1аларт. Цунна а, кхоссавелла т1ехиъна, чурт лардеш 1ен к1ант. Хьалаиккхина, ворх1е а стигала хьала а даьлла, цигара керчаш лаьтта охьадоьссинчу к1айчу г1алартах сира дин хилла д1ах1оьттина.
— Х1инца-м ма1а-моза а хир бацара суна т1ехь, — аьлла, лестина, бегабелла сира дин.
— Со санна волу к1ант бен, кхин х1ума дац хьуна т1ехь, вир-бекъа, — аьлла, вистхилла к1ант.
Т1аккха к1айчу дино, шен ц1оганах баьккхина мерз а луш, к1анте аьлла:
— Х1инца хьан дола бели со. Холчух1оытина, соьгара rlo эшна, со хьашт ма хиллинехь, xlapa мерз багор ахьа, со т1екхочур бу хьуна.
К1анта, баьккхина мерз кисна а боьллина, сира дин д1абахийтина. Еана т1екхаьчна кхоалг1а буьйса а. К1ант ден чурт лардеш 1ачу хенахь, тохара санна, мерза наб т1ег1оьртина цунна. Оцу буса т1ег1оьртина г1аларт а, к1анта, т1ера охьа ца вуссуш, карадалийча, цунах расха дин хилла. Цо а, вукху шина дино санна:
— Хьан дола бели со, хьо холчух1оьттича, хьайна гlo эшначу меттехь, xlapa мерз багор ахь, — аьлла, ц1оганах баьккхина мерз белла. Иза а, вуьш санна, баьлла цхьана aгlop д1абахана.
Кхо дей, кхо буьйсий д1адаьлча, шайн жимах волу ваша волчу вахана воккхах волу ши ваша, цо ден чурт муха лардо хьажа. Шаьш йинчу билгалонал чурт лахделла ца карийна кхарна. Цхьана дийнахь воккхах волчу шина вешина хезна, хаьхкича, дин хьалхабаьллачунна шен йо1 а луш, эло говраш хохкуьйту, аьлла. И шиъ цига ваха кечвелча, ша а ваийтахьара, аьлла жимах волчу вашас.
— Ахь цигахь дан х1умма а дац, я хьан цигахь г1уллахк а дац, — аьлла, човхийна хилла цара жимах волу ваша.
Воккхах волу ши ваша шайн дех йисинчу вирна хьалхай, т1ехьай а хиъна, ваха новкъа ваьлла, эло говраш а хахкийтина, говр хьалхаяьлла, хьуьнар тоьллачунна, йо1 лучу тойне хьажа. Воккхах волу ши ваша д1аваханчул т1аьхьа, араваьллачу жимах волчу вашас, ша хьалха баьккхина мерз, киснара схьа а баьккхина, багийна, цунах х1ун хуьлу хьажа. Мерз баьгна балале, беана схьаиккхина, к1анта дуьххьара лаьцна, хьарг1а санна болу 1аьржа дин. Дика, лерина кечвелла, цу дина а хиъна, элан тойне ваха д1аиккхина жимах волу ваша. Воьдуш, хьалха вирахь д1аваханчу шина вешина т1аьхьа кхиъча, цаьрга салам а луш, царна вовзале, т1ехъиккхина и шен динахь, уьш салам д1аэца кхуьуш, ца кхуьуш. Шина вашас аьлла хилла, т1аьхьа а хьаьжна:
— Ма вайша човхийна, ц1ахь витинчу вайшиннан вешех а, вайшиннах а тера вац и вахана бере, — аьлла.
Урх хецна йитча, мохаца чехкалла къуьйсуш, юхаоьзча, стиглан 1аьрчашка хьалаг1ерташ, вадийна элан юьрта д1акхачийна 1аьржачу дино жимах волу ваша. Юьрта чу ма вуьйллинехь, т1екхаьчначу тобане, элан той мичхьа ду, аьлла, хаьттича, юьртахоша дийца а дийцина, элан г1алин гloпe вахана к1ант. Кет1ахь лаьттачу эле салам а делла, к1анта аьлла:
— Хаьхкича, говр хьалхаяьлла хьуьнар тоьллачунна, эло шен йо1 ло, аьлла, хезна вог1у со.
Эло к1анте аьлла:
— Динан бере, хьо т1аьхьависна. Дика дой долу береш говраш хахка бахана кхо дей, кхо буьйсий хан ю.
Т1аккха вистхиллачу к1анта аьлла:
— Сийлахь эла, хьуна х1ун билгало ян еза дин хьалхабаьллачу к1анта? И билгало хьуна т1екхачо хьожур вара со.
Эло жоп делла:
— Башлома к1ел кхаьчна, охьадог1уш шийла шовда ду. Цу шовдан йисттехь лаьттачу лекхачу кхура к1ел, билгалонна, йиллина сан йоь1ан к1удал ю. Оцу к1удал чу тесна цо п1елгах юллу ч1уг ю, сан йоь1ан ц1е а т1ехь. Хьалха т1екхаьчначу беречо цу к1удал чуьра п1елгах юллу ч1уг схьакхачо еза. Цуьнга лур ю ас сайн йо1.
Эло дан дезарг шега ма-дарра дийцича, шен динан урх схьа а озийна, к1ентийн тоба д1аяханчу лорах шен гила а берзийна, иза урхана малбина битина к1анта. Дикка некъ бинчул т1аьхьа, хьалха д1абаханчу берешна т1аьхьа а кхиъна, уьш т1аьхьа а буьтуш, хьалхаваьлла, лам чу а кхаьчна, цигахь шовдана йистехь болчу кхура уллорчу к1удал чуьра элан йоь1ан ц1е т1ехь йолу ч1уг а яхьаш, ц1ехьа вирзина шина вешин жимах волу ваша. Элан йоь1ан ч1уг а яхьаш, говраш хахка бахана береш ц1а кхочу ларбеш Iaш эла а, цуьнан тойне гулделла адамаш а хилла. К1анта мавогг1ура элан г1опан керта т1оьхула дин дехьа а оьккхуьйтуш, цуьнан йо1 йолчу коре шен гила тесна. Корах арахьоьжучу йо1е ша еана ч1уг кхоьссина к1анта.
Говраш хахка баханчу нахал, кхуьнан дин хьалха баларна, кху к1анте шен йо1 а луш, кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ловзар дина эло. Доьалг1ачу дийнахь к1ант-йо1 новкъа даьккхина.
Веана ц1а кхаьчча, ша ялийна элан йо1 нацкъарчу ц1а чу д1а а лачкъийна, ша хьалха чохь висинчу ц1а чу а вахана, парг1атваьлла 1аш хилла к1ант. Ловзарга вахана ши ваша а веана ц1а кхаьчна. Шен шина вешега хаьттина жимах волчу вашас:
— Хьан яьккхи элан йо1? Хьенан говр хьалхаяьлла тойнехь? — аьлла. Шина вашас аьлла:
— Хьох тера вацара иза. Хьаъа а яьккхича а, хьуна х1ун бала бу цуьнан? Шолг1ачу дийнахь а хезна кхаа вешина:
— Лахара хьала хьаьжча, бохь а ца гуш, охьахьаьжча, бух а ца гуш болчу лекхачу бердах бинчу бена чуьра лечанан ши к1орни еанчу к1антана, эло шен йо1 ло, — аьлла.
Ша а ваийтахьара аша, аьлча, шешан жимах волу ваша а ца воуьйтуш, элан йо1 яккхалур яцара-техьа вайшинга х1инца мукъана а, аьлла, воккхах волу ши ваша вахана, шайн вира а хиъна. Бухависинчу вашас шен киснара шолг1а мерз багийна. Дукха хан ялале, беана схьаиккхина сира дин. Дика духар т1е а дуьйхина, лерина кеч а велла, шен динахь араиккхина жимах волу ваша. Новкъа д1авоьдуш, шен шина вешина т1ехъиккхина xlapa. Д1аделла салам д1аэца уьш ца кхуьуш, схьаделла жоп хаза xlapa ца кхуьуып, сирачу дино вадийна, т1ехъиккхина к1ант. Шина вашас т1аьхьа а хаьжна, аьлла:
— Ма вайша ц1ахь витинчу вешех тера вац иза, цо элан йо1 йоккхур ю хьуна.
Шен шед кхочехь, мел долу адам а гулдина, эла laш, вахана д1акхаьчна жимах волу ваша. Дерриге а адам гулделла даьлча, эло д1акхайкхийна:
— Ломан бердах болчу лечанан бена чуьра ши к1орни еанчу к1анте шен йо1 ло ша, — аьлла.
Оцу адамашца вахана, лекхачу лома к1ел д1а а х1оьттина, шен сирачу гиле хаьттина к1анта:
— Х1инца х1ун дича, тоьлур дара вайша? — аьлла. Сирчу дино шен дега аьлла:
— Кху ломана го бина дукха адам ду, хьуьнар къовса деана, хьо х1умма а воха ма вохалахь. Даг т1е бог xIottoш, ши гола т1ета1ае суна, чож морцуш чоьже шед а тоха. Кхузткъе кхааммо санна мохь тоха, хьалхарчу когашца г1ашлойн некъ боккхуш, т1аьхьарчу когашца ворданан некъ боккхуш, оцу лечанан бена т1е кхачор ву аса хьо.
К1анта, шен дино шега ма-аллара, даг т1е бог xIottoш, гола та1ийна, чоьже шед тоьхна, кхузткъе кхааммо санна мохь-ц1ог1а тоьхна, сира дин т1ета1ийна. Хьалхарчу когашца г1ашлойн некъ боккхуш, т1ехьарчу когашца ворданан некъ боккхуш, ломан бердаш херцош, лечанан бена т1е кхаьчна сира гила. Бена улло кхаьчначу к1анта, эле охьа мохь тоьхна:
— Леча дац бенахь, цуьнан ши кГорни ю, х1ун де ша! — аьлла.
Эло и к1орнеш схьаялае аьлла, жоп делла. Лечанан ши к1орни ян а еъна, йоь1ан корах чукхоьссина к1анта. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий той а дина, к1анте шен йо! а елла, новкъа ваьккхина, ц1а хьажийна эло. Ша ялийна элан йо1, тохара, хьалха ялийна цуьнан йиша йолчу, ц1а чу д1а а лачкъийна, парг1атваьлла, охьахиъна жимах волу ваша.
Ц1а веанчу шина веше хаьттина бухарчу вашас:
— Элан йо1 хьан яьккхина? — аьлла.
— Сирачу динахь веанчу беречо яьккхи элан шолг1а йо1 а, х1умма а хьох тера а вацара иза, — аьлла, жоп делла шина вашас.
— Сох тера ца хиллехь а, шуьшиннах тера мукъа а хила велара иза, — аьлла, жоп делла жимах волчу вашас.
Кхоалг1а йо1, кхузткъа аьрша к1орга йолчу гly чуьра ка хьала-баьккхинчунна ло эло, аьлла, хабар хезна вежаршна. Жимах волчу вашас ша ваийтахьара, аьлча, хьалха санна, иза човха а вина, вира т1е а хиъна, шаыншиъ новкъа ваьлла воккхах волу ши ваша. Ши ваша новкъа ваьлла дукха хан ялале, киснара схьабаьккхина, кхоалг1а мерз а багийна к1анта. Беана, схьаиккхина к1анта кхоалг1а лаьцна хилла расха дин. Дуьгу нускал санна, шен дин кечбина, нускал дало к1ант санна, ша а кечвелла, новкъа даьлла xlapa шиъ. Новкъа д1авоьдуш, шен шина вешина т1аьхьакхиъна, цаьрга салам делла кхо. Кхуьнан сапам схьаэца уьш ца кхиалуш, т1ехъиккхина жимах волу ваша. Вахана элан гloпe кхаьчча, цигахь карийна кхунна массо а махкара баьхкина нах. Эло, нахана юккъе а ваьлла, кхайкхийна, кхузткъа аьрша к1оргачу г1уна чуьра ка схьабаьккхинчу к1анте шен йо1 ло ша, аьлла. Массо а цецваьлла висина. К1ант шен расхачу динах дагаваьлла, вайшинга х1ун далур дара-теша, аьлла. Расхачу дино к1антана жоп делла:
— Ша кхоа ца беш, аренаш 1адош мохь тохий, чож дагош шед тоха шена. Хьалхарчу когашца латта охкуш, т1ехьарчу когашца латта нацкъар кхуьйсуш, ша г1уна буха кхачор ву хьо. Т1аккха ка схьа а эцна, хьаладер ду вайша.
Дино шега ма аллара, аренаш 1адош мохь тоьхна, гила ор т1е тесна к1анта. Расхачу гило хьалхарчу когашца латта охкуш, т1ехьарчаьрца иза нацкъар кхуьйсуш, кана т1е кхачийна к1ант. Буха ма кхеччинехь, катоьхна ма1а а лаьцна, ка хьалабадийна к1ант вог1уш, коьман ма1а а яьлла, хецабелла юха ор чу бахана иза. Цу заман чохь г1алин корах арахьоьжуш 1ачу йо1а, к1антана хилла харцо а гина, мохь тоьхна:
— Дакъаза ма вала хьо, жима къонах! Барзо лоцучуьра, х1унда ца лоцу ахьа иза? — аьлла.
Говраца юха чу а иккхина, катоьхна вортана т1ера а лаьцна, ка хьала а баьккхина, ластийна йо1 йолчу корах чукхоьссина к1анта ка. Цига гулделла мел долчу адамана кхаа дийнахь, кхаа бусий той а дина, шен жимах йолу йо1 а елла, ц1а ваха новкъа ваьккхина эло кхаа вешех жимах волу ваша. Ша ялийна элан кхоалг1а йо1, шайн йижарий болчу д1а а лачкъийна, расха дин важа ши дин болчу божли чохь д1а а хьулбина, шен вежарий схьакхачале, вахана охьахиъна к1ант.
Эло кхайкхийна хьуьнар тоьллачунна йо1 луш хиллачу тойнехь а 1ийна, ц1а веана ши ваша. Бухахь 1ачу шайн жимах волчу вешега аьлла шина вашас:
— Ма хьох тера вацара-кх, элан йо1 къевсинчохь, расхачу динахь кхузткъа аьрша к1оргачу г1уна чуьра ка хьалабаьккхина жима к1ант.
Жимах волчу вашас аьлла:
— И к1ант сох тера ца хиллехь а, цо хьуьнарш тоьлла яьккхина кхо йо1 а, цуьнан хьуьнарш толийна 1аьржа, сира, расха кхо дин а аса гойтур-м бу шуна, — божлара схьаозийна кхоь а гила а, сов ц1а чуьра араяьккхина хазалла г1араяьлла йолу элан кхоь а йо1 а шина вешина хьалха х1оттийна жимах волчу вашас.
— Вай дас дина весет дагара д1а ца долу суна: вон хила атта ду, дика хила хала ду бертахь 1елаш, аьллера цо. Къастаде шайна нускал а, дин а, — аьлла жимах волчу вашас цецбоьвлла лаьттачу шен вежарина.
Дуьгу нускалш санна дой кечдина, невцарий санна шаыи кечбелла, поштанна кхо дин а боьжна, эла волчу вахана кхо ваший, церан зударий, кхо йиший.
Бахана невцарий а, шен мехкарий а ша волчу кхаьчча, шен шед кхочехь мел долу адам а гулдина, ворх1 дийнахь, ворх1 бусий доккха ловзар а дина, ша да волчу дохнах ах даьхний шен невцаршна а, мехкаршна а делла, ц1а хьовсийна эло уьш.
Баьхкина ц1а а кхаьчна, мерзачу безамца, ц1енчу дагца, доккхачу ирсаца баха хоьвшина кхо ваший, церан зударий, кхо йиший.