Мовсаррий, Мохьмаддий
Цхьа ши доттаг1 Хилла вехаш-1аш.
Дуккха а зама яьлла, царшимма вовшашца аренан гергарло лелош. Цул т1аьхьа Мовсаррий, Мохьмаддий воккха хилла, т1аккха а вовшашна т1е а воьдуш, гергарло даггара т1е а эцна, лелош Хилла цара.
Цхьана дийнахь, Мовсар бежера ц1а а веъна, хьалххе охьавижина хилла.
Набарна к1оргге Мовсар ваханчу хенахь, г1ан-набарш тесна Мовсарна дуьхьал, кхаа беттан некъан генарчу эла Мусин йо1а Жовх1ара шена хан юьллуш. Сахуьлу седарчий уьдучу хенахь, буьйсанах кхо дакъа д1адаьллачу хенахь, син метта топ кхетта дера экха санна, вахана хьалаиккхина миска Мовсар.
— Эх1! XIapa суна гинарг г1ан делахь а, цхьа х1ума долуш-м ду, амма, я со вала веза, я аса и Жовх1ар йоьзткъе уьссалг1ачу буса сайна яло еза, — боху ойла кийрахь а сецош, цуьнца цхьаьна, шен хьоме доттаг1 Мохьмад дага а лоыгуш, xlapa 1аш, кхуьнан г1айг1а юй хуучу нанас Мовсаре аьлла:
— Тахана со rlyp ю беже, ахьа сада1а мегар ду.
Мовсаррий, Мохьмаддий вовшашна ца гуш, де-буьйса дала йиш йоцуш ши доттаг1 хилла. Нагахь царшинна ца гуш, де-буьйса даьлча, вовшашна дуьхьал я вехачу х1усаме воьдуш а хилла и шиъ.
Мохьмад вог1у, аьлла, бераш уьйт1а даьхкича, Мовсар цунна дуьхьал воьдущ а, иштта Мохьмад Мовсарна дуьхьал вог1уш а хилла. Оцу Мовсарна г1ан-набарш яйначу буса, Мохьмад, Мовсар варе а хьежна, иза ван хьевелча, шен говра т1е нуьйр а тиллина, Мовсар, х1унда висина, хьажа воьдуш хилла. Берашна а воьвзаш хилла Мохьмад. Иза вог1уш эвла чу воьлчахьана, бераш Мовсаре кхаъ баккха доьвдда. Даьхкина бераш корехула дистхилла:
— Мохьмад вог1у! — аьлла.
Ойла еш Iaш волу Мовсар вист а ца хилла. Ша-шега, иза-м ша чувог1ур вара, аьлла, са парг1ат а даьлла, 1ад1ийна, х1унда аьлча, Мохьмад шена т1е кхаьчна хазахетарна. Ткъа веана Мохьмад уьйт1а схьакхаьчна:
— Ассалам 1алейкум, сан хьоме доттаг1 Мовсар! Х1унда висира-те хьо сийсара, со волчу ца вог1уш? Х1ума-м ца хилла хьуна?
— Ва 1алейкум салом, хьо марша вог1ийла, сан хьоме Мохьмад, — аьлла, говрара а воссийна, иза чувигира Мовсара.
— К1еззиг кхача а биъна, ваха дезаш меттиг яра вайшиннан, — аьлла Мовсара, шаьшшиъ х1ума йиина ваьлча. Х1ан, х1инца нуьйр тилла говрана, вайшиъ воьду.
Мовсаре, вайшиъ гена воьдий я стенга воьду, аьлла, Мохьмада а ца хоттуш, вайшиъ х1оккхуза-эцца воьду, Мовсара а ца олуш, доьзткъе ворх1 дийнахь-бусий новкъа вахана и шиъ. Воьдуш, цхьана хьуьна юккъехь садайна, амма ца соцуш, д1аоьхуш хилла xlapa шиъ. Цу хьуьна юккъехула болчу готтачу новкъа, гена валале, говр хьовззал йолчу меттехь, говраш д1атосу гоьза а, гуш ц1а доцуш, лаьттах хьала болуш к1ур а гина. Меллаша охьа а воьссина, шаьшшиннан говраш д1а а тесна, к1ур болучу т1е а вахана, д1ахьаьжча, лаьтта буха боьдуш некъ карийна царна. Цу новкъа xlapa шиъ чувахана. Цу чу кхаьчча, чохь кечбина охьах1оттийна бовха кхача а карийна. Ц1а чохь laш стагга а ца хилла, кхушинна гуш.
Деллахьа, Мовсар, xlapa х1ун ду-те, Мохьмада ца олуш, я Мовсара Мохьмаде ца хоттуш, кхача а биъна, охьавижина xlapa шиъ. Цул т1аьхьа, цхьа к1еззиг зама яьлча, пешан туьнкалгехула чу мохь тоьхна цхьана адамо:
— Х1ун боху ахь? — аьлла, хьала йистхилла кху шинна юккъера цхьа х1ума адаман маттахь, амма гуш х1ума-м ца хилла. Оцу заман чохь к1адвелла, набаран тар тесна хилла Мовсарна. Деллахьа, тхойшиъ стенга воьду-те, бохуш, ойла еш волу Мохьмад, наб ца кхеташ, сема хилла. Юха а мохь тоьхна туьнкалга чу:
— Сан йиш яц цига ван, со волчохь мехкан боцу хьеший бу, уьш д1а а берзийна бен, со мукъа вер вац, — аьлла, кхойкхург д1авахийтина.
Цул т1аьхьа Мохьмадана наб кхеташ ца хилла. Дукха хан ялале, юха а чу мохь тоьхна, шозлаг1а а йистхилла и тохарлерра х1ума, ша гуш а йоцуш. Цу хенахь а, тохара санна, вижаза хилла Мохьмад. Оцу гуш йоцчу х1умано чу къамел дан долийна, х1усамден ц1е а йоккхуш, Мохьмад цунах ца кхоьтуьйтуш, деш хилла къамел.
— Хьо волчу воьссина ши хьаша кхаа беттан новкъа вог1уш а ву, оцу вайн х1ордал дехьарчу элан Мусин йо1 Жовх1ар г1ена-кхелах дуьхьал а тесна, цо маре ян хан а йиллина, иза яло воьдуш а ву. И шиъ, кхана воьдуш, цу х1орда т1е а кхочур ву, цу т1е а кхаьчна, цуьнан берда йисттерчу ножан цхьа сара а баьккхина, и сара хи чу тесча, царшинна т1ай а х1уттур ду. Цу т1ай т1оьхула дехьа вала веза, дехьа ма велли, к1ур буьйлуш цхьа х1усам хир ю. Цу чохь ехаш цхьа къена, йоккха стаг карор ю. Йоккхачу стага царшиннан долу г1уллакх дийр ду. Оцу кеппара юхаверзар а хир ду цушиннан. Амма гинарг-хезнарг дийцахь, шагат1улг а хуьлийла царах, — аьлла, гуш йоцу садолу х1ума къайлаяьлла.
1уьйрре хьала а г1аьттина, говрашка хьажа араваьлла хьаша. Говраш х1усамдас парг1атъяьхна а карийна кхарна. XIapa ма тамашийна х1ума ду-кха, аьлла, вовшашка цецваьлла къамел а ца дина шина к1анта. Юха цу х1усам чу а вахана, б1аьрг эшарца 1одика ен кеп а лелийна, аравер ву вайшиъ, бохург дагахь долуш, xlapa шиъ чувахча, бухахь, чохь кхаршинна дика кечбина, бовха кхача карийна, хьалха санна, х1усамда-м ца хилла гуш. Хьешаша юъчул, х1ума а йиъна, оьздда, дег1аца къовлавелла, ара а ваьлла, кийчча лаьттачу говрашна т1е а хиъна, новкъа ваьлла ши хьаша. Воьдуш, цхьана боккхачу х1орда т1е кхаьчна xlapa шиъ, гуш йоцчу садолчу х1умано ма-аллара.
Кхунах дехьа валалур а вац, вовшашка ца олуш, х1орда чу вала воллуш хилла xlapa шиъ. Мовсара шен говр чутоссушехь, Мохьмада, цу йистерачу ножах сара а баьккхина, Мовсарна а ца гойтуш, х1орда чу тесна. Цига т1ай х1оьттина. Х1орда чу кховдийна Мовсаран говран ког т1ай т1е а нислуш, и шиъ дехьа а ваьлла, оцу х1умано ма дийццара, йоккха стаг йолчу х1усаме кхечира xlopш. Оццул даккхий, тамашина х1уманаш шаьшшинна гиннашехь, х1ун, муха, аьлла, вовшашка хаттар деш а ца хилла кху шиммо.
— Хьеший бог1у хьуна, йоккха стаг, де дика а дойла хьан, буьйса къобал а йойла хьан,— олуш, сихха парг1атваьлла xlapa ши хьаша, говрашкара охьа а вуссуш.
— Ой! Марша а вог1ийла шуьшиъ, деллахьа, ма дика ду-кха шуына тховса мукъане а схьакхаьчна; кхана кхо бутт кхочу-кха Жовх1ар йоьлхучуьра сацаза, Мовсар, хьо г1ена-кхоьлах дуьхьал а тесна. Тховса а хьо ца кхаьчнехь, т1аьхьа а вуьсура.
Мовсар, къечу доьзалах схьа а ваьлла, Мохьмад санна, хьалххе т1ера да а кхелхина, жима йолуш нанас кхетамца а, ц1ена а, нахал ца эшо г1ерташ а, кхиийна хилла, оццул генарчу Жовх1арна дуьхьал тассал исбаьхьа, хаза, куц долуш, оьзда а хилла. Мовсарх къасталур воцуш, яхь йолуш, Мохьмад а хилла исбаьхьа накъост. Х1усамнанас аьлла:
— Х1ан-х1ан, ши к1ант, шуьшинна гой д1о яккхий бохь лекха г1аланаш? Уьш цу эла Мусин ю шуна. Цуьнан дашо-дато пхьераш бу. Цу пхьераша тайп-тайпана пхьолаш до, ткъа вай, Мовсарна п1елга долла мух1ар де, аьлла, гlyp ду. Мохьмад, хьо д1а-схьа ма хьажалахь. Хьадалчийн вайх б1аьрг кхетахь, мегар дац. Мовсар, хьо къайллах хьожуш хила веза, шуьшиъ схьакхачар Жовх1ар хууш ю, делахь а хьадалчаша и ларъеш ю. Цо ц1ен-к1айн ши arlo йолуш болу 1аж кхуссур бу, Мовсар, ахьа схьа а эций, сихха кисана биллалахь, кхин д1а а ца хьожуш.
Иоккхачу стага пхьерашна т1е а вигна, мух1ар де, аьлла, дети д1аделла, амма муьлхачу п1елгана дан деза и, билгал а ца доккхуш, мукъачу хенахь цигашхула лела йиш цахиларна.
Т1аккха а аьлла иоккхачу стага:
— Мовсар! Варий, йо1 йолчохь, наб ма кхетийталахь. Жовх1ара хьоьга и 1аж балар, хьо ган лууш, 1ежийн беша вола, бохург ду хьуна. Цуьнан исбаьхьаллина нур догуш а, нур санна буьйса серлаюьйлуш а хир ю. Наб ч1ог1а т1ег1оьртар ю хьуна, сатохалахь, б1аьргаш д1а ма къовлалахь.
Дика кеч а велла, Мовсар вахана эла Мусин беша, Жовх1ар ларъян. Мовсарна, хиина 1ашшехь, наб озийна, Жовх1аран дашо-дато бос лепарна. Жовх1ара Мовсарна т1е а х1оьттина, цуьнга хьажа а хьаьжна, улло охьа а хиъна, ша-шега аьлла:
— Эх1! Маржа я1-кх, хьо сан хьоме безам, Мовсар! Гена новкъа варна к1адвелла хир ву-кх хьо, сан деган дакъа, ма ч1ог1а сатийсира-кха аса, хьо сема rape, цкъа йистхиллалц, цкъа дагара а дийццалц, — аьлла, Жовх1ар чуяхана, ша еаний хаийта, цуьнан чоин ветанаш д1а а даьхна.
Цул т1аьхьа сама а ваьлла, Мовсар ша-шех ка а детташ, х1усаме хьаьдда. Х1усамнанна сихха хиъна, кхунна наб кхетта хилар. Делахь а, кхуьнан сатедархьама, х1усамнанас юха а аьлла:
— Хьо шек ма вала, ахьа са ма гаттаде, иза доккха х1ума дац. Амма Жовх1аре, нуьцкъаш, селхана хан йиллийтина, кху юххерчу цхьана элан к1антана. Ткъа йо1ана цуьнга яха а ца лаьа. Цигашхула гуш лела йиш яц вайн. Вай оцу г1уллакхана лелий хаахь, эло кортош дохур ду вайн. Х1инца мух1ар схьада гlyp ду вай. Хьо ледара ма хилалахь, дика тергалъелахь иза.
Myxlap схьа а эцна, xlopш юхабирзича, Жовх1ара кемсийн кан кхоьссина кхуьнга. И билгало кисана а йиллина, Мовсара ч1аг1о йина, шегара яьлла ледарло, кхин ца ялийта. Оцу буса Жовх1ар элан к1анте д1алуш, хьоладай а гулбелла, той деш хилла. Цу буса а, цуьнан нуьре хиларна, Мовсарна наб кхетта, 1уьйранна бен сама ца волуш. Т1аккха йоккхачу стагий, Мохьмадий, Мовсарий барт бина, нускал доссийначуьра дадийна дига.
Иштта зуда юьгуш а, той деш а, иоккхачу стаге кхойкхуш хилла элаша. Цул совнаха кхуьнан хилла Жовх1аран йолчарех нускалан бедарш. Сетта потанаш гloпe а х1иттийна, нускал арадаккха чукхайкхина йоккхачу стаге. Кхушимма лело дезарг а, дан дезарг а д1адийцина йоккхачу стага, ша чуяхале. Т1аккха нускалца цхьаьна той дечу элий болчу яхана xlapa йоккха стаг. Мохьмаддий, Мовсаррий, буьйса 1аржъеллачу хенахь т1аьхьа а вахана, шаьшшимма хьалха ма дийццара, терго еш Iaш хилла цу элан г1опехь. Сакъоьруш, малар а, даар а совдаьллачу элаша, шайн хелхарш д1адолийна. Оцу синкъераме хьоьжуш 1ачу йоккхачу стага, нускал шелдалийта дуьгу а, аьлла, ара а даьккхина, Мохьмаде д1аделла. Мохьмад нускалца эвлах ваьлла. Мовсар, х1усамнанна болу там ца бича, эхь а хетта, буха а сецна, иза реза еш, цунна там а бина, т1аккха новкъа ваьлла. Воьдуш, Мохьмадах а кхетта, xlapa шиъ вистхилла валале, царна т1аьхьа орца даьлла. Шаьшшиннан некъах хиндерг хуучу Мохьмада, юха а сара а баьккхина, тохара санна, и сара х1орда чу тесна. Тохара санна, т1ай д1а а х1оьттина, xlapa шиъ дехьа ма велли, гучуьра д1адаьлла. Кхерамах шаьш доьвллачул т1аьхьа, цунах тамаш бинчу Жовх1ара хаьттина Мохьмаде оцу т1айх лаьцна. Мохьмадан дийца йиш ца хилла иза. Х1орш д1абоьлхуш, хьалха ма совццара, хьуьна юкъарчу х1усамехь буьйса яккха соьвцина. Х1усамехь, тохара санна, бина кийча лаьтташ кхача карийна. И кхача а биъна, шаьш парг1атдоьвлча, охьабийшина xlopш. Амма Мохьмадана и тамашийна хилла хаамаш, х1ун ду ца хууш, наб кхеташ ца хилла. Буьйса юкъал т1ех яьллачу хенахь, тохара санна, юха а чу мохь тоьхна:
— Хьенех! Хьан хьеший, шаьш дагалаьцнарг кхочуш а хилла, юхабог1уш бу. Шайн ц1а кхаьчча, ц1ахь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ловзар а дийр ду цара. Цул т1аьхьа, нускал чудоьрзучу буса, ц1енкъа юккъера хьалабаьллачу саьрмикан карах далар а хир ду цушинна. Нагахь гинарг-хезнарг дуьйцу делахь, шагат1улг а хир бу цунах, — аьлла оцу б1аьргана гуш доцчу адамо.
Ц1а а бахана, кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар дина кхара. Той д1адирзича а, д1авоьдуш ца хилла Мохьмад, буьйса ларйо ша, бохуш. Цу ца гучу адамо ма-аллара, и хууш волчу Мохьмада, буьйса ларъеш хилла, Мовсарна а ца хууш. Т1аккха ц1енкъа юккъехула саьрмикан корта гучубаьлла, хьалаиккхина Мохьмада, шен тешаме тур диттина, хедийна литтанаш дина, саьрмик т1е-к1ел охьа а биллина, цуьнан ц1ийн 1ам чохь когаш а болуш, хиъна 1аш хилла. Ха хорцуш, самаваьллачу Мовсарна гина бийна 1уьллу саьрмик а, хьацар а даьлла 1ен Мохьмад а. Цунах цецваьлла Мовсар, Мохьмаде ма дарра дийца, бохуш, хеттаршка ваьлла. Мохьмадана дийца ца луъушехь, дийцийтина ма дарра. И дийцина воллушехь, Мохьмадах шагатулг а хилла, гарръаьлла, и ц1енкъа д1акерчина.
— Сан хьоме доттаг1, Мохьмад, хьо воцчу дуьненахь Мовсар а вехар вац, — аьлла, схьа а яьккхина, шен шаьлтанна мукъ цу т1улга т1е а х1оттийна, цу т1е вахана Мовсар. Шагат1улгий, шаьлтанан муккъий вовшахкхетташехь, Мохьмад денвелла. Дукха хазахетта, мараиккхина ши доттаг1.
Мерзачу безамца, ц1еначу дагца баха хоьвшина уьш, элан Мусин йо1аца Жовх1арца Мовсар а, цуьнан деган доттаг1 Мохьмад а.
Ма лойла вай, к1ентий, вовшех безам ва байна.
Ма лойла вай, кТентий, вовшех тешам ва байна.