Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

Турпал нохчочух илли


Къеналла тIегIерта, дагана ва ца товш,
Къоналла дIагIерта, дагана ва ца товш.
Сийлахьа ва волчу, цу Турпал Нохчочух,
Вайн илли ас эр ду, ладогIа, къонахий!

Болатах дIасакхиссало и суйнаш ва санна,
Даьржина вай дуьненахь цу Турпал Нохчочух!

Буьйсанна борз ехкаш, дуьнен чу доьвлла вай,
Iуьйранна лом угIуш, цIераш вайна техкина,
Вай иштта кхоьллина цу Турпал Нохчочух!

Цу сенчу ва стиглахь Iаьржа марха ца хилча,
Вайн латта ва Iабош, догIа ма догIур дац.
Цу болатан ва дагахь Iаьржа бала ца хилча,
Вайн бIаьргаш ва башош, хин тIадам бужур бац.
Са кхуьу ва хIума, вай далла тIе ца диллича,
Цхьана а гIуллакх тIехь вайн аьтто хир ма бац.

Массеран да волу, цу Турпал Нохчочун цIе
Дуьнен тIехь мел деха, вай цкъа а йожор яц.

Борз

Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йог1учу заман чохь, дуьнен т1ехь инзаре ирча мох баьлла хилла. Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна д1асакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра. Хиш а, х1ордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира.
Дуьнен т1ехь мел йолу садолу х1ума саб1арзделла хьийзара, едда к1елхьараяла г1ерташ, д1алачкъа меттиг лоьхуш.
Цхьа борз яра парг1ат, и ца кхераелира инзаре нуьцкъала хьоькхучу мохах, и цхьаъ яра цунна дуьхьал яьлларг. Оьг1азе ц1ог1а детташ, т1ера Шока д1асаийзош, ц1ийш д1атуьссуьйтуш, ницкъ бира мохо барзана. Амма борз меттах ца елира: курра корта хьалаайина, когаш ондца лаьттах чубахийтина, цуьнан ницкъ шен дег1аца д1ахудуш, дуьхьало йора цо махана.
Цхьа хан-зама яьлча, цкъа а х1умма а ца хилча санна, мох д1атийра, малх гучубелира, дуьнен т1ехь юха а парг1ато д1ах1оьттира.
Са мел долу х1ума а цхьацца гучуйолуш, гул а елла, барзана т1е яхана. Акхароша барзе аьлла:
— Дела дуьхьа, борз, xlapa дерриге а дуьне мохо хьерадаьккхина хьийзаш, дитташ бух дохуш, аренаш дистинчу хиша хьулъеш, лаьмнаш аталуш охьаоьхуш,массо а садолу х1ума са дадийна д1алачкъа меттиг лоьхуш хьийзаш, хьо цхьаъ меттах ца елира, и х1ун ду?
TIepa ц1ока мохо ийзийна, асанаш кхозуш, йинчу чоьвнашкара ц1ийш охьаоьхуш йолу борз курра хиина 1aш яра, генна хьалха а хьоьжуш. Цо, хьала а г1аьттина, иштта жоп делира акхарошна:
— Со т1ехь лаьтташ йолу латта — сан даймохк бу, цундела, кхузахь муьлхха а хало т1ееъча а, аса цкъа а д1атосур бац и, — аьлла.
Цу дешнаша эхь хетийтина, ойлане а яхана, акхарой д1асаяхара. Чоьвнаш хилла, ц1ока эт1ийна, ц1ийш охьаоьхуш йолу борз шен меттахь йисира, д1айоьлхучу акхарошна т1аьхьа а хьоьжуш. Берзан кхин даймохк бацара... Даймохк цхьаъ бен бац.

Текхарго аьлларг

Хьалхалерачу заман чохь вехаш-1aш хилла цхьа онда нарт. Адамашна ч1ог1а оьг1аз а вахана, церан юрт ягийна цо. И ягийна ша ваьлча, луьстачу хьуьнан йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:
— Дадалург, дада, т1ема дала ницкъ берг, т1ема дала! Со кху хьуьнах сийна ц1е лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маь11ера дуьйна ц1е тесна наьрто. К1елхьаравала ницкъ кхаьчнарг, к1елхьарволуш, ц1еран г1овг1а бен йоцуш, тийналла х1оытина хьуьнхахь.
Я.гна яьлла хьун. Хилларг, х1ун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маьПехь, алу т1ехь бетталуш, текхарг гина наьртана.
—  Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xlapa ц1е йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? Х1унда 1ий-те хьо кху ц1ера юккъехь? — хаытина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.
— Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахьа аьлларг, ца хезира ала бакъо яц сан. Бакъ ду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург а дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. Х1окху лаьттан экъан т1ехь суна массо а х1ума ду гергара, x1apa бу сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь 1ожалла т1еэцар вуно нийса хета суна, — аьлла бала бетталучу текхарго, ца кхеташ, цецваьлла шега хьоьжучу наьрте.

Сай

Ламанах бухдуьйлу шал шийла шовданаш,
Шен бекъачу кийранна 1аббалц ца молуш,
Варша йисте ва буьйлуш, мела муж ва муьйлуш,
Шен оьздачу зорханна буззалц ца юуш,
Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,
1инан к1орге ва буьйлуш, мела муж ва муьйлуш,
Дукъ лекха ва буьйлуш, сема ла ва доьг1уш,
Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш,
Мокхазан ва бердах куьран га ва хьоькхуш,
Цу попан орамах торг1ал т1а ва детташ,
Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,
Орцал лаха ва буьйлуш, г1елашка ва гlepгlaш,
Масане сай лела г1елашца ва боцуш...
Вай бен дац, к1ентий, бохург ца хуьлуш...

К1удал-б1ов

XIapa хилла-ца хилла цхьанна а ца хаьа. Хьалхалерачу заман чохь цхьа воккха стаг хилла, боху, базарара говр-вордан т1ехь ц1а вог1уш. Ша эцна совг1аташ вордан т1е а дехкина, т1оьхула ц1еста к1удал йиллина хилла цо. Де суьйренгахьа лестира. Воккхачу стага шед тоьхна, говр сихйира. Д1асатохаеллачу вордан т1ера к1удал шершшина охьайахара. Воккха стаг говр-вордан т1ехь д1авахара, ткъа к1удал некъа йистехь йисира.
— Т1охъаьлла, сан ц1ийнах кхеттарг х1ун йу-те, — аьлла, араиккхира зингат.
Араиккхича, цунна 1уьллуш ц1еста к1удал гира.
—  Ва-да-дай! — гонах хьоьвзира зингат. — XIapa ма хаза б1ов йу-у-у! Кхунах сайна ц1а дан деза аса!
И а аьлла, зингат шен керла ц1а д1анисда доладелла. Кегий т1улгаш а гулдии, зингато уып к1удална к1ел дохкура, и ч1аг1ъеш. К1адделла, ша бинчу балхана резахилла, сада1а охьахиира зингат. гена боццуш, цхьана т1улга т1ехь малхехь 1уьллу моьлкъа самабаьлла. Д1ахьаьжча, цунна х1инццалц кхузахь шена цкъа а ца гина, к1удал-б1ов ги.
— Ва-да-дай! И ма хаза б1ов йу-у-у! Хьажа беза со, цу чохь цхьа а 1аш ву-вац! — аьлла, сиха бедда бахана и, к1удал-б1ов йолчу.
— Х1ей, цхьа а вуй кГудал-б1ов чохь вехаш-1аш?! — мохь тоьхна моьлкъано. Гена доццуш 1ачу зингато, лергаш д1а а къовлуш, аьлла:
—  Мохь стенна хьоькху ахьа!  Со ду-кх к1удал-б1ов чохь 1аш. Чу бол а, цхьаьна 1ийр ду вай.
XIapa шиъ шитта бертахь дехаш-1аш, дукха йа к1езиг хан-зама йаьлла. Цхьана дийнахь кхиссалуш йог1учу пхьидана шена кхузахь цкъа а ца гина к1удал-б1ов ги.
—  Вакъ-вакъ, вакъакъи-вакъ! XIapa ма хаза б1ов йу-у-у! хьажа еза со, цу чохь цхьа a Iaш ву-вац! — аьлла, кхос-кхоссалуш, к1удал-б1ов йолчу д1акхечи пхьид.
— Х1ей, цхьа а вуй к1удал-б1ов чохь вехаш-Iaш?! — мохь тоьхна пхьидо. Сихха араикхкхира зингат. Цунна т1аьхьхье гучубелира моьлкъа.
—  Мохь стенна хьоькху ахьа! Со, зингат, ду-кх кху чохь 1аш, — элира зингато.
— Со, моьлкъа а бу-кх кху чохь Iaш, — элира моьлкъано. — Схьа чуйола, цхьаьна 1ийр ду вай!
Кхос-кхоссалуш чуелира пхьид. XIapa кхоъ шитта бертахь дехаш-1аш, дукха йа к1езиг хан-зама йаьлла.
Цхьана дийнахь шен г1уллакхе едда-йоьдучу зуна, шена кхузахь цкъа а ца гина, к1удал-б1ов ги.
—  Ia-ле-лай! XIapa ма йокхкха к1удал-б1ов йу-у-у! Хьажа еза со, цу чохь цхьа a laш ву-вац! — аьлла, к1удал-б1ов йолчу едда йахана зу.
— Х1ей, цхьа а вуй кГудал-б1ов чохь вехаш-Iani! — мохь тоьхна зуьно. Сихха араикхкхира зингат. Цунна т1аьхьхье гучубелира моьлкъа, т1акхкха
кхоссаелла араелира пхьид.
—  Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь laш, — элира зингато.
— Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь Iaш, — элира моьлкъано.
— Вакъ-вакъ, вакъакъи! Со ю-кх, пхьид, кху чохь Iain, чуйола, цхьаьна 1ийр ду вай! — элира пхьидо.
Шен к1охцалш т1ехь боллу 1аж охьа а буьллуш, зу чусара. Пхьидой, лаьхьаной, зингатой, карчийна, 1аж к1удал-б1ов чу бихьира. XIapa диъ иштта бертахь дехаш-Iaш, дукха я к1езиг хан-зама йаьлла.
Цхьана дийнахь дитта т1ера б1араш дохуш йоллучу тарсална, чухьаьжча, шена кхузахь цкъа а ца гина, к1удал-б1ов ги.
— Ой! — цецйаьлла тарсал. — XIapa ма тамашийна х1ума ду-у-у! И к1удал-б1ов мичара йаьлла кхузахь? Хьажа еза со, цу чохь 1аш мила ву! — аьлла, сихха едда дитта т1ера охьайоьссина тарсал.
— Х1ей, цхьа а вуй к1удал-б1ов чохь вехаш-1аш! — мохь тоьхна тарсало. Сихха араикхкхира зингат. Цунна т1аьхьхье гучубелира моьлкъа, т1акхкха
кхоссаела араелира пхьид. Меллаша, д1аса а хьоьжуш, ларлуш, араелира зу.
—  Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь 1аш, — элира зингато.
— Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь Iaш, — элира моьлкъано.
— Вакъ-вакъ-вакъакъи! Со ю-кх, пхьид, кху чохь Iaш, — элира пхьидо.
— Со ю-кх, зу, кху чохь Iaш, — элира зуьно. — Хьуна 1ен а меттиг ю-кх кху чохь, чуйола, цхьаьна 1ийр ду вай!
Шен карахь долу б1араш охьа а дехкина, тарсал чуикхкхира. Зуьной, пхьидой, моьлкъаной, зингатой б1араш дадийна чудихьира.
Бертахь бехаш-Iaш бара уып. Зу к1удал-б1ов ларъеш, ха деш йара. Моьлкъа, чу нуй хьоькхуш, ц1аналла деш бара. Пхьид йаъх1ума кечъеш йара. Зингаттий, тарсаллий, арадолий, сарралц чуйан х1ума лоьхуш лелара. Сарахь массо а гуллой, цхьаьна х1ума а йуъш, эшарш а лоькхуш, садо1уш Iapa.
Хьуьнахахь сиха даьржа х1ума. Цхьогална а хиъна, к1удал-б1ов чохь 1аш зингаттий, моьлкъий, пхьиддий, зуй, тарсаллий уй.
—  Аттаниг атта дара-кх! Церан чоме хьажа еза со, — аьлла, к1удал-б1ов йолчу, тебаш, т1едахана цхьогал.
К1удал-б1ов ларъеш, гонах лелаш, лерина д1асахьоьжуш, зу хилла. К1удал-б1ов чуьра пхьидо дечу ч1епалгийн хаза мерза хьожа йог1уш хилла. Кхин тоха са а ца хилла, к1удал-б1аьвна улло дахана цхьогал. И гучудоллушехь, шен массо а к1охцал дуьйсина, хьоьвззина горгаелла, цхьогална дуьхьал керчина зу.
—  Хьох-м дера ца кхоьрура со, д1айала суна новкъара, — аьлла, чудаха доьллера цхьогал. Д1асакерчаш и чу ца дохуьйтуш хилла зуьно. Йаьлла г1овг1а хезна, араикхкхира моьлкъа. Шена цхьогал гича, дедда цуьнан когех хьерчаш, новкъарло йира цо цхьогална. Цхьогал, ког хьала а айина, моьлкъа охьакхосса г1ертара, амма моьлкъа ч1ог1а тасабеллера. Зуй, моьлкъий цхьогална дуьхьало еш бохкуш, дитта т1ехь б1араш гулдеш йоллучу тарсална уьш гина. Дитта т1оьхула лахха охьа а еъна, шен ниц1къ ма ббу, хьажош, цхьацца тухуш, б1араш детта йолаелла тарсал цхьогална. Эццахь зингат а хилла ц1а дог1уш. Цхьогалх тасабелла бохкуш шен доттаг1ий гича, зингат сихха дахана цхьогалан ц1оганах таса а делла, дедда-дедда цуьнан муц1ар т1е а даьлла, мерах цергаш йоьхкина. Мохь-ц1ог1а даьлла цхьогалера. Гаттоне хьовзийна цхьогал доттаг1аша. Кхин дан х1ума а ца хилла, дол-долуш, гена а даьлла, дедда д1адахана цхьогал. Шайна юкъахь барт хилла дела, тоьлла уьш цхьогалал.
Оцу хенахь пхьид арайаьлла:
— Шу ма хьеделла. Ч1епалгаш кийча ду, чудуьйла, х1ума йаа вай, — аьлла, массо а чукхайкхина цо.
Йуьхь-куьг а дилина, ч1епалгаш даа, чай мала охьахоьвшина уьш. Цара соьга а кхайкхира, аса цаьрца ч1епалгаш а диира, чай а мелира. Х1инца а хаза бертахь шайн к1удал-б1ов чохь дехаш-Iaш ду зингаттий, моьлкъий, пхьиддий, зуй, тарсаллий.
Цу т1ехь сан туьйра чекхдолу, г1алдий-булдий царна, к1айн бож вайна.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru